Цул тӏаьхьа дукха хан ялале суна дикка девзира и зезаг. Жимчу элан сайрат тӏехь гуттар а кхуьуш хилларш башха эшъаьлла доцуш, цхьа мадаре зезагаш дара – церан жаззаш* а дара кӏезга, вуно кӏезга меттиг яра цара дӏалоцург а, уьш цхьанна а новкъа а дацара. Хӏора ӏуьйрана бацалахь схьаделлалора уьш, суьйренца маргӏалдоьлхура. Ткъа хӏара мичара баьлла а ца хуъчу цхьана хӏу-буьртигах хьаладелира, тӏаккха Жимчу эло кхечу цхьана а зӏийдигах я хелигах тера йоцчу цуьнан зимигчу* зӏийдиг тӏера бӏаьрг дӏа ца туьлуьйтура. Хӏун хаьара, иза баобабан цхьа керла тайпа дуй а? Амма и колл, сихха дегӏдоккхучуьра сецна, силам а баьттӏа дӏахӏоьттира. Жимчу элана иштта баккхий силамаш цкъа а гина а бацара, уьш кестта цхьана исбаьхьа доккхачу ӏаламате доьрзург хилар хьоьхура цуьнан даго. Ткъа цкъачунна шен баьццарчу отолган* пенаш юккъехь хьулделла долу и ца девза хьаша гуттар а кечлуш дара. Цо леррина басарш хоьржура. Цо сих ца луш духура шена тӏе барзакъаш, цкъа цхьаннан, тӏаккха вукхуьнан, гӏехь хуьлу я ца хуьлу хьоьжуш, шен жаззийн бустамаш дохуш. Мух-мухха а долу цхьа петӏамат санна, хебаршка ихна, хьакхаделла дуьнен чу дала лууш дацара иза. Шен хазаллин нуьрехь гуттар серладаьлла, лепаш гучудала лаьара цунна. Боккъал а, чӏогӏа коча хӏума яра. Цуьнан къайлене кечамаш денна а бахлуш бара Тӏаккха цхьана ӏуьйрана, малх схьакхеттий, кхетазий бу аьлла хетачу цхьана маьӏӏаргонехь цуьнан жаззаш схьаделладелира.
Тӏаккха, оцу маьӏӏаргонна кечлуш, оццул дукха къахьегначу цо, бага а гӏеттош, оза а делла:
– Эхӏ, – элира, – цхьа хала самдели со... Бехк ма биллалаш... со хӏинца а кечдала ца кхиъна.
Жимчу эле шен воккхавер къайла ца дахьаделира:
– Эхӏ, мел исбаьхьа а ду-кх хьо!
– Хӏа-а, боккъаллий? – дара цуьнан гӏийла-коча жоп.
– Кхин цхьана хӏуманан а тидам белаш: со малхаца цхьаьна дели дуьненчу.
Жима эла дукха сиха кхета-м, хьаха, кхийтира, и исбаьхьа хьаша шен ша-шех тоам бина хилар хьулдан гӏерташ башха ницкъ бийр болуш доций, амма и хӏумма а доцург дара, лапъаьлла хьан са лоцуш, цуьнан сел хаза хиларе хьаьжча!
Цо хьем ца беш элира: