Ас болар сихдира. Амма лахахь пена уллохь, схьагуш а я луьйш хезаш а кхин цхьа а вацара. Хӏетте а Жимчу эло, цхьанна жоп луш, юха а бохура:
– Тӏаккха, ткъа. Гӏамар тӏехь сан когийн ларш карор ю хьуна. Тӏаккха соьга хьоьжуш ӏе. Тховса со цига дӏавогӏу хъуна. Со пена тӏе кхача ткъех метр бен ца йиснера, амма тӏаккха а суна гуш цхьа а да вацара.
Жимма ӏийна, Жимчу эло хаьттира:
– Дӏовш тоъал чӏогӏа дуй хьан? Дукха ӏазап лан-м дезар дац сан?
Со сецира, дагна хорам хуьлуш, амма тӏаккха а цхьанна а хӏумнах кхеташ вацара.
–Хӏинца дӏахила, дӏабало, – элира Жимчу эло. – Со чукхоссавала воллу.
Лаха охьахьаьжна со со лаьттачохь хьалакхоссавелира! Пенан кӏожехь, Жимчу эле хьалакховдийна корта а болуш, чӏуг хилла ӏуьллура ша лаьцна хӏума эха минотехь леш долу можа лаьхьалг. Тапча схьаяккха кисна куьг а дохуьйтуш, со, со ма-ваддалу ведда, цунна тӏехьаьдира. Сан когийн тата хезна, и лаьхьалг, лешдолчу хин татолго санна, гӏамар тӏехула яйн чӏуг тоьхна, халла хезаш, ачках хӏума хьакхаелча хуьлу зов а доккхуш, цхьа парттал текхна, тӏулгаш юккъехь къайлабелира.
Пена тӏера чукхоссавелла сайн Жима эла схьалаца, сайн хеннахь тӏекхиира со. Иза ло санна кӏайвеллера.
– Сан жимниг, и хӏун ду хьуна дагдеънарг! – марахьарчийра ас иза. – И хӏун къамелаш ду оцу лаьхьарчашца ахь дийраш?
Ас цуьнан цкъа а хуьйцуш йоцуш лелош йолу дашо шарп схьаяьстира. Лергъуллош хи хьаькхна яша а йина, юха шега а хи малийтира. Амма цуьнга кхин хӏумма а хатта ца хӏоьттира со. Иза, цкъа леррина сан бӏаьргаш чу а хьаьжна, сан логах хьаьрчира. Суна, топ кхеттачу олхазаран санна, цуьнан детталун дог хааделира.
– Суна чӏогӏа хазхета, хьайн машенан галдаьлларг хӏун хилла, хьуна хиъна, – элира цо. – Хӏинца цӏа ваха аьтто бу хьан...
– Хьуна мичара хаьа и?!
Со, айса цуьнга хӏинцца олу бохуш, ма воллу: дагахь доццучу агӏор и кема тодан аьтто бели хьуна сан! Сан хаттарна жоп ца делира цо, цо кхин элира:
– Со а гӏур ву тховса цӏа. Тӏаккха, гӏайгӏане воьдуш, тӏетуьйхира:
– Иза ахь бан безачул дуккхазза а гена а... дуккхазза а хала а некъ бу...