Юха жим-жима синтем а хилира. Аьлча а... самукъдалар-м дац. Делахь а суна хаьа, иза шен сайраталг тӏе дӏавахнийла: сатесначул тӏаьхьа вахна со хьаьжча, суна цуьнан дегӏах хӏума гӏамар тӏехь кара ма ца дира. Иштта деза а ца хиллера иза. Ткъа хӏинца, буьйса тӏе массазза йогӏу, седарчашка ладоьгӏуш марзо оьцу ас. Стиглахь пхи бӏе миллион горгали бека хезаш санна...
Ас цхьана хӏуманна сагатдо: ӏахарна муцӏархъюллург юьллуш, со доьхка дилла вицвелла ма хилла! Хӏинца Жимчу эле ӏахарна муцӏарх йоллалур ма яц иза. Хӏун ду техьа хӏинца цуьнан сайрат тӏехь бохуш, мел чӏогӏа гӏайгӏане ву-кх со. ӏахаро цуьнан роза диъна хилахь, хӏун дан деза тӏаккха?
Амма цкъацкъа сайна синтем бо ас: хӏан-хӏа, иза иштта хила йиш яц! Буьйсана Жимчу эло, аьнгалин пхьегӏа тӏеюьллий, роза дӏа ма хьулдо, ӏахар а ца болуьйту шен бӏаьргъӏуналлера... Тӏаккха со боккъал а ирс долуш хуьлу. Стиглахь мел болу седа боьлуш хеза суна тӏаккха.
Ткъа наггахь юха а сахьаьвза: цхьа ойла дӏаяхханчохь тидамера дала а ма тарло хӏума, тӏаккха хӏуъа хила а сахьт дац! Я цунна мухха а сарахь и аьнгалин пхьегӏа тӏейилла дицлахь, я буьйсана, цунна ца хоуьйтуш, хьакхбелла-а ӏахар арабалахь, тӏаккха хӏун дан деза... Цу хенахь стиглара массо а горгали боьлхуш хуьлу...
И дерриге а тамашийна а, ойла атта тӏаьхьакхуьур йоцуш а ду. Суна санна, Жима эла дукхавезавеллачу, шуна а дагах ца кхеташ дуьсур дац и, шуна а хир бу цунах ӏаламат боккха лазам: дерриг дуьне ӏаржлой дӏахӏутту, Анакевнан цкъа а вай хилазчу цхьана маьӏӏехь вайна цкъа а гина боцчу ӏахаро вайна цкъа а девзаш хилла доцу роза диъна хила там бара-кх боху ойла дагаеъча.
Стигла хьалахьовсал. Хаттал шайга: дийна ду техьа и мацахлера роза я дац техьа? Цӏехьанна санна иза ӏахаро диъна хилахь? Шуна гур ду шуна тӏаккха: массо а хӏума хийцаделла дӏахӏуттур ду...
Баккхийчех цхьа а стаг, дуьне мел дукха латтарх, цу хӏумнийн маьӏнах цкъа а кхетар а вац! л дукха латтарх, цу хӏумнийн маьӏнаӏ