Цо-м, дера, чӏогӏа дозалла дора, рогӏера хьоза, кхераделла, тӏепаза дайча. Тӏулгаш кхачийна, иза вахара кетӏара жагӏа боьхкинчунекъанйисте. Кисанаш дуьззина горгатӏулгаш а дахьашвеара иза беша.
— Хӏинца-м дуьнен тӏехь мел долчу хьозаннатоха а тӏулгаш дара соьгахь! – шен тӏулгех дуьзинчукисанаш тӏе куьгдеттара кӏанта.
Боккъал волу иччархо санна вара иза хӏинца. Ког байбинавоьдура Беслан беша йуккъехула. Цӏаьххьана схьахьожура иза, буьйнахьозийнаӏад а долуш, дитта тӏехьара. ӏожан а, кхуран а диттах-м нийсакхетараБесланан шен ӏодаца кхоьссина тӏулг, амма хьозанна цхьа а ца кхеттера цуьнан.
Цхьадика, кхунна гена доцуш долчу ӏожан диттан аьхкинчугона тӏе цӏаьххьана охьахиирабоккха кӏан кхокха. Латта аьхкинчохь шена кхалла нӏаьна карор бац-техьа аьлла хиина хир бара кхокха-м охьа. Амма нӏаьнин метта кӏанта нуьцкъалаозийначу ӏодара баьллабеанагорга тӏулг кхийтира кхокханн, тӏам а, корта а лоцуш.
— Хьозанна ца кхетахь а, хьуна-м кхетар ду хьуна сан ӏад! – самукъадолуш, ша шега мохь элира кӏанта.
Ткъа кхокха, лазийна, ша ӏаччохь бӏарзбелла хьаьвзира. Ша хӏун леладо ца хууш, ирхбаьлла, кӏелхьарбала гӏертара иза, шен оллабелла тӏам лазошшехь, иза ласто гӏерташ. Амма цхьа тӏам бен меттах ца болура. Ша лазор а дицдинабетталоракхокха, хазахеттамохь аьлла кӏант шена чухьаьдча. Кхокханна-м моьттура иза шена кхин цкъа а тоха тӏехьаьдда.
Тӏевеанчу кӏантана уллохьгирамискачукхаокхананкхерабелла ши бӏаьрг, иштта кагбелла, ирча, разбаьлла тӏам а. иза хӏинца тера бацара хаза тӏемаш а лестош хӏаваэхь лелачукхокханах! Иза хӏинца тера бацаракнигаш тӏера сурташ тӏехь хаза куц долуш бочукхаокханах а. Ирча сурт дара кӏантана гуш дерг. Хӏинцца хьалха, хаза тӏемаш а лестош, охьахиъна, хаза боларцаболабеллалеллакхокха… Лазийна, бетталуш, кагбинчу тӏомо, лазийначукоьрто готта хьовзийна, гӏо дан стагвоцуш, баланехь бара иза.
Уггар а инзарениг – оцу хазачукхаокханна и дезардинарг хӏара ша вара, Беслан! Кхокха-м, бетталуш, лешболлура. Муха нисдийр дара ша динарг!
— Нана! Нана! – мохь элира Беслана, ша хӏун дийр ду а ца хиъна. Рагӏу кӏелара бешаарадолучуринжехсхьахьаьдирабесланан нана.