Хаьа иза дукха а́кха буйла,
Карадарх а маьӏна, бахьана,
Хаьа иза дукха цхьалха буйла,
Хаьа буйла шийла, бахьара.
Хаьа, амма хааро ца кхачош,
Лаам бу сан — лазам, йилбазмохь.
Йелха аьлла, хе́нан бӏаьрса кхачош,
Баржа аьлла, доькъуш дилха дог.
Хаьа, леларх дикчу не́хан го гуш,
Веларх, велхарх, вузарх кха́чанах,
Ирсе хиларх, со кху лаьттан бо дуй,
Висахь де́дайн кхерча кха́чанза.
Ас цунде́ла хоьтту хӏокху буса
Лаьтте́, нахе, хьаннийн гӏайгӏане,
(Со мел ве́ха, и цхьа хаттар ду сан,
Тӏулгал тийна, бӏаьрхил кхайкхаме):
Мичхьа ӏа хьо, де́да ваьхна ирзу,
Мукъам белхош попан, баганан?..
Гӏалехначу лай тӏе ӏена гинсу,
Буьйса йуьйлу беттан багара.
ӏуьйре йо́гӏу кортаӏуьйра
Когашӏуьйра гӏаьтти малх!
Эхӏ, сан туьйра, бе́ран туьйра,
Хьоь ладоьгӏуш техка малх!..
Ас сатесна цига кха́ча, ,
Схьакарайа беттан хьех.
На́на, лохьа наьӏар-ма́чаш,
Со дуьненах ве́р ву чекх.
Су́на батто дуьйцуш хезна,
Бо́хуш, бу цхьа па́на мохк,
Цкъа а стеган дог ца лезна,
Цкъа а ганза марха-дохк.
Шира хьех йу оцу махкахь,
Генех деши ӏийдалуш,
Шена бухехь цӏузам лакхахь,
Стеган даго доьххург луш...
Со гӏу́р, на́на, и хьех лехна,
Цуьнан генах шедаг йан,
Цунна бухехь э́шар лекхна,
Дагахь мел дерг кхо́чушда.
И ас лоькху шедаг хезча
Хийца лур ду са мел дерг.
Ирсе хир ву дог мел лезнарг,
Доьлуш хӏо́ра на́на, бе́р.
Ма́шар хир бу сийна стигла,
ӏаьржа латта де́ладеш,
Адамашкахь хир ду гӏиллакх,
Бертахь беркат де́бадеш.
Ма́чаш йоьхна, когаш ӏуьйра,
Со воьрзур ву тӏаккха цӏа.
Эхӏ, сан туьйра, бе́ран туьйра,
Ахь мел хьехнарш кхо́чушда!
Хьан кор а до́гур ду, цу буса санна,
Шелдина лайн чимаш хьийзочу мохо.
Букъ йуккъе тӏехьашха урс ту́хуш санна,
Хӏинца а хезаш берг цу коран мохь бу.
И цӏа а лаьттар ду, ца девзаш санна,
Биц ца беш шена чохь цкъа баьгна безам.
Исс неӏалт воьдучу соь кхайкхош санна,
Хӏинца а го су́на цу цӏийнан хьежар.
Латта а хьийзар ду, ца хууш санна,
Адамо адаман ӏодика йиний.
Цхьаъ цхьаннах ца кхетча ницкъ ешча санна,
Седарчий оьгур ду, доьлхур ду илли