Ховхачу бӏаьргаш чохь ӏуьйренаш йоьлуш,
Ховхачу куьйгаш тӏехь суьйренаш йоьлуш,
Де́н-не́на цӏарах со дуьнен чу ваьлча,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан ховха бӏаьрса.
Де́н-не́на доккхаде́р дайн тӏе́маш хилла,
Де́кхаран жоьпалла беза мохь хилла,
Дуьххьарчу новкъа со во́лучу дийнахь,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан деган къийлар.
Къийсаман цӏе эцна со новкъа ваьлча,
Хела йоӏ санна сан некъ хьийза баьлча,
Ца вуьтуш лела со аренца тилла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан некъан илли.
Вешина ва метта буто ша боьлхуш,
Йишина ва метта куьйса эрз боьлхуш,
Ге́нарчу махкахь сан бӏарзйелча ойла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан гӏенийн гӏовла.
Нуьречу бӏаьргаш тӏе кӏайн марха йеъча,
Сайн доьзал ца бевзаш сан бӏаьрса ешча,
Висча со стаг во́цуш гlo-да́къа ла́ца,
Даймохк, хьо хуьлур-кха ас луьйзу ӏа́са.
Некъаша ӏийшина кура дог сецча,
Тӏаьххьара къонахийн верта тӏе тесча,
Тӏаьххьарчу новкъа со ойучу ханна,
Даймохк, хьо хилалахь со ойу барма.
«Сийлахь ву-кх да́харехь некъ боьхна лелларг,
Ше́н лазам хьулбина, дуьненна велларг.
Ирсе ву-кх да́харехь доттагӏех тешнарг,
Халоно хьовзийча це́ран гӏо эшнарг».
И илли сан де́да́с баьхна бах ло́махь,
Ткъа да́с и дерзадар су́на тӏехь дитна,
Ша́ воь́душ, дуьненан массо а къоман
Маршонан дуьхьа ше́н мерза са дитна.
Мехкан вон де́н те́зет санна а хеташ,
Леллачу къонахийн а́малш дӏакхехьа
Баьхкинчу кӏенташца со новкъа во́луш,
И илли ас тахна мохь тоьхна о́лу:
«Сийлахь ву-кх да́харехь некъ боьхна лелларг.
Ше́н лазам хьулбина, дуьненна велларг.
Ирсе́ ву-кх да́харехь доттагӏех тешнарг,
Халоно хьовзийча, це́ран гӏо эшнарг».
Дистхилийша шу мукъане а тховса,
Жӏаьлеш дац шу, эхь а ма ду и-м.
Бакъо йац сан хӏокху буса тхьовса,
Накъост вац сан и дӏадийца кхин.
Су́на гина, къина кийра карччал,
Жимчу йоьӏан бӏаьргех даьлла хи.
Хӏара буьйса хили ӏаьржа марчо,
Накъост вац сан и дӏадийца кхин.
Су́на хезна кӏайчу говран терсар.
Ло́ман басах йоьжна йуьгуш и. —
Хӏара буьйса йуьйхи, бутт ца керччал,
Накъост вац сан и дӏадийца кхин.