— Вара, — аьлла цо.
— Селхана хьан корта лазийтинарг, хӏара варий? — хаьттина Ченлерга вукхуьнга а.
— Вара, — аьлла цо а.
— Делахь, тохий, ве шайна хӏара хӏинца, — аьлла Ченлерга.
— Ма вехьара аша со, дӏавахийтахьара! Кхин вогӏур вацара со, — аьлла, дехна наьрт- орстхочо.
— Хӏокхул тӏаьхьа кху агӏор хьайн лар ма гайталахь! Хьо хьаша вацахьара, аса корта боккхур бара хьан, — аьлла, шен астагӏчу пхьагална тӏе а хаийна, дӏавахийтина наьрт- орстхо Ченлерга.
Ченлергана, цхьана дийнахь кхерсташ лелаш, цхьа яккхий гӏаланаш гина хьуьн чохь. Ша цӏа веъча, хаьттина цо шен накъосташка, уьш хӏун гӏаланаш ю, аьлла.
— Оцу гӏаланашкахь дукха нуьцкъал наьрт-орстхой бу бехаш, — аьлла накъосташа.
— Цаьргара гӏаланаш схьаяхаза дуьне дуур ма дац аса, — аьлла, хьоьвзина Ченлерг.
— Дитахьара ахьа и гӏуллакх. Цу чохь берш инзаре нуьцкъал наьрт-орстхой бу: цхьаннан — цхьа корта, шолгӏачун — ши корта, кхоалгӏачун — кхо корта, воьалгӏачун — биъ корта, пхоьалгӏачун — пхи корта, ялхалгӏачун — ялх корта, ворхӏалгӏачун — ворхӏ ӏӏ9 корта, борхӏалгӏачун — бархӏ корта, уьссалгӏачун — исс корта болуш, исс наьрт-орстхо ву цу гӏаланашкахь вехаш верг. Вайга къийсалур дац цаьрца, Ченлерг, — аьлла накъосташа.
— Уьш мел нуьцкъал нах хилча а, со ӏалур вац, цига ца вахча, — аьлла, вахана хӏара наьрт-орстхой бехачу гӏаланашка.
Дӏакхаьчча, гӏаланийн неӏарш еллаелла лаьтташ карийна Ченлергана, чохь цхьа а стаг а воцуш. Чохь, гобаьккхина хӏиттийна лаьтташ, исс зилбухаран тур а хилла. Ченлерга, вовшех детташ, дика муьлха ду хьоьжуш, уггар дика цхьаъ хаьржина царах шена.
Мацца а, наьрт-орстхой цӏа бахкале, неӏара тӏехьа доккха ор а даьккхина, шен зилбухаран тур буйнахь а долуш, неӏара тӏехьа дӏалечкъина Ченлерг.
Баьхкина наьрт-орстхой цӏа кхаьчна. Чувогӏ-вогӏучунна тур тухуш, уьссалгӏачунна тӏе кхаччалц, ор чу эхийтина кӏанта уьш. Уьссалгӏаниг, ши корта тӏехь а буьсуш, чувахана.
Таӏӏийна тхов туьллуш, ор дӏа а дуькъина, шен цӏера нана а, жима ваша а далийна, цу гӏаланашкахь ваха охьахиъна Ченлерг.
Ченлерг талла вахана волуш, цхьана буса хӏокху исс корта болчу наьрт-орстхочун божли чохь болу гила, шен