Сов чӏо́гӏа кхеравелла, ша́ хӏун дийр ду а ца хуъш, вада а ца луш, висна э́ла Тепсаркъа. Тӏаккха кхин кхо де даьлча, ло санна кӏайн чопаш йуха тӏейоьвлла хӏордана. Кӏайн чопаш шена йайча, саца меттиг бо́цуш, чӏо́гӏа хазахетта э́ла Тепсаркъина.
Цхьа хан йаьллачул тӏаьхьа, бӏаьрго ма лоццу дукха хӏонс йахьаш, Жоьра-Бабин Жонсаркъа тӏе а ваьлла, хӏонс-говраш хьалха а лаьхкина, цӏе́хьа бирзина уьш. Ца́ра йа́лочу хӏонсан до́ла дечу говрийн ӏуйшца кхо цӏоькъа айгӏар хилла: цӏаста санна цӏен, кӏора санна ӏаьржа, ло санна кӏайн.
Оьхуш, тоъал хӏорш ге́на боьвлча, Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу агӏорхьа тӏехьаьдда цӏаста санна цӏен цӏоькъа айгӏар. Хьожа йуккъе ше́дан кхаж тоьхна, Жоьра-Бабин Жонсаркъас йухачовха бешшехь, э́ла Тепсаркъина тӏе а хьаьдда, цунна тӏоьхулла дехьа а кхоссабелла, хӏорда чу бахана цӏоькъа айгӏар.
Кхоьруш, кест-кестта тӏехьа йухахьоьжуш во́гӏучу э́ла Тепсаркъас, цхьа йукъ йаьллачухула, аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъе:
— Дӏо́ вайна тӏаьхьа бо́гӏу бода, хӏун бода бу-теша, ма чӏо́гӏа тӏетаьӏна бо́гӏу иза?
— Иза-м вайна тӏаьхьа во́гӏу говрийн да́ вара. Дӏа а къаьстина, йаханчу айгӏаро хаам бина цуьнга. Хьалхара ре́ма лоллур йу ахьа, йа тӏаьхьара орца йухатухур ду ахьа? — аьлла, вистхилла Жоьра-Бабин Жонсаркъа, э́ла Тепсаркъе.
— Аса хьалхара ре́ма лоллур йу, — аьлла, ре́ма а лаьллина, дӏаволавелла э́ла Тепсаркъа, тӏаккха Жоьра-Бабин Жонсаркъа тӏамана кеч а велла, бухасецна.
Герга гӏоьртина говрийн да́, ӏаьржа Хожа.
— Хӏан-хӏа, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, — аьлла цо, — хӏинццалц хьан да́с хьийзийна тхо, хӏинца хьо а волавелла тхо хьийзо. Тӏом болабе хьайна хӏинца.
— Во ӏаьржа Хожа, дог де́ра а хьо ву, сина саготта а хьо ву, йуьгуш йолу ре́ма а хьан йу.
Болабе хьайна тӏом, ӏаьржа-Хожа, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Уозийна ӏодан пха тоьхна ӏаьржачу Хожас Жоьра-Бабин Жонсаркъина. Хожас ӏад озошшехь, нуьйра хӏоьа чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра- Бабин Жонсаркъа. Тӏаккха йуха чувоггӏушехь, Хожин ӏодан пха кӏелхула чакхбалийтина.