Амма бӏаьрхиш шовданара санна охьауьду татолаш санна ца совцура. Шаберш а зударий кӏанта шегахьа бехира оцу мпнотехь. Оцу кӏантаца цхьана боьлхуш, соьга дехарш дан кийча бара зударий. Со, гӏо лохуш, тхоьгахьа схьавизинчу къонахе хьаьжира.
— Иэцахь цунна, сел чӏогӏа цунна и йезаш хилча! – цхьа зуда ца ӏенйелира ца аьлча.
«Ахӏи!» — аьлла вилхира кӏант, шена орца кхочуш дуй тусаделла.
— Иэцахь! – хӏинца ша-ша олуш тӏаккха цхьана а дийхира зударша.
Со кхин цкъа а къонахе хьаьжира. И сох кхийтира.
— Дӏадовлийша, аша хӏун дуьйцу! И кӏант хӏинца а жима ву вилспет хахка ӏаман! – орца кхечира сунна.
— Со-м вац… сунна-м хаьа вилспет хахка, — бехрана йуккъеша къурдаш деш, ша бакъ хиларан тешалла дира кӏанта.
— Тӏаккха-м ца хаьа сунна… — кхин алан хӏума ца карош, кӏантехьа велира и стаг а.
Кӏант хӏинца кхийтира ша сол а толан гергга вуй. Жимма кхин а бӏаьрхин «берам» а баьккхина суна тӏевирзира Халид. Автобусан чуьра зударий а, хене ваьлла къонаха а вара хӏинца дехарен йуьх йина соьга хьаьжинчохь соцунгӏа а хилла.
— Ваша-а! Иэца вилспет! – белхарца цхьана мохь элира жимчу Халидас.
Амма, цхьажимма гӏалат даьккхира цо шен къовсамехь.
— Ваша? Ой, хьан кӏант вац и? – хоттуш суна тӏебирзира зударий.
— Вац, сан вешин кӏант ву! – сиха кхетийра аса зударий.
Кӏант-м ца кхийтира шегара даьллачу гӏалатах. Воьлхучура соцуш гонаха дӏаса хаьжира иза.
— Ой, хайн дега ецийта хьайна вилспет! Иэхь ду хьуна денвешига иштта дехарш дар! – шена тӏеозош маравоьллира жима кӏант уллорчу зудчо.
Кхин дукха ца хьенлуш дӏайолайелира автобус. Амма «ахӏи!» — аьлла ца велхахь а бӏаьргаш дуьззина бӏаьрхиш лаьттара жимчу Халидан тхойших цӏа кхаччалца. И кӏентан бӏаьрхиш бӏаьргашна хьалха лаьттира суна со шозлагӏа цӏа валлалца, генарчу махкахь со ӏаш волуш. Амма со шозлагӏа тхайн ваша волчу хьошалгӏа веъча, суна гира жимма воккха хилла Халид.
Шолгӏачу дийнахь со вахара жима Халид а вуьгуш гӏалайуккъе базара. Халидас хаьржира шена хазахеташ йолу вилспет. Охашимма иза циггахь чӏургаш йуьйсина, кечъйина кӏанте хахкийтира. Чӏогӏа товш хетара жима кӏант оцу вилспетана тӏехь.
Уггаре а коьртаниг, оцу хенахь тӏом мелла лахбеллера.