Цуьнан йара чӏо́гӏа хаза зуда. Зудчунна, шен бӏаьрг ма-кхийтти, Гӏе́заман Ӏе́ла чӏо́гӏа везавелира. Зудчо Гӏе́заман ӏе́лина дийцира, Туллам-Огӏос бинчу тешнабехкан хьокъехь.
ӏуьйранна Гӏе́заман Ӏе́лас э́лира:
— Шена ахьа бина тешнабехк гучубаьлла, хьо шех лата веза, — аьлла.
— Ша́ му́ха летар ву хьох, ша́ ла́манан эхханал ма ву, хьоьга ша́ хьала а айалур вац, — э́лира Туллам-Огӏос.
— Иза гур ду хьу́на, вайшиъ лата ваьлча, — аьлла, жоп делира Гӏе́заман Ӏе́лас.
Летира и шиъ. Схьаэцна, Гӏе́заман Ӏе́лас Туллам-Огӏо гоьллец лаьттах вахийтира, тӏаккха Туллам-Огӏос Ӏе́ла гоьллец лаьттах вахийтира. Цул тӏаьхьа хьала а айина, Ӏе́лас Туллам- Огӏо деггец лаьттах вахийтира. Гӏе́заман Ӏе́ла цуьнан корта баккха воллучу хе́нахь:
— Вен ма вехьа́ра ахьа, хьу́на луъург дийр дара аса, — э́лира Туллам-Огӏос.
— Делахь, кхе́чахьа́ра латта а кхоьхьуш, кхо барз а бийр бу ахьа, кхо барз ахка а охкур бу ахьа, — аьлла, шен йийсарш а балош, Гӏе́заман Ӏе́ла шен да́ ве́хачу метте́ схьавеара.
Хӏеттахь аьхкина баьрзнаш «Аьхкинчу-Борзехь» аьхкина ду, олуш ду вайн халкъа йукъахь.