Вахит Хаджимурадов
Берашна дийцар
Тхайн нана Зийна дагалацарца, вежаршна Рамзанна а, Ражапна а лерина.
- Рамзан! Схьавоьл чу, хьо оьшу нанина. Сиха лелалахь, хьо дукха вахарг, - чу кхайкхира Зийнас шен 4 шо хир долуш волу жима кӏант, лохачу поппар хьаьхна динчу цӏенна жимчу неӏарах ара а хьожуш, малхана дуьхьала куьйг а лоцуш.
- Ца лаьа суна. Суна арахь ловза лаьа! – реза вацара жима кӏант, хӏинцца сийна буц хьалагӏоьртина, малхо серлайаьккхинчу жимчу уьйтӏара чу ван.
ӏуьйре жимма тӏехиккхина хан йара, малх айбеллера, хьозарчийн эшарша йекайора аре, гӏа тохаделлачу диттийн гаьннашкахь ловзуш.
Цӏера арадохуш хӏокхеран дех Хьуьсенах дисинчу лаьттан декъа тӏехь дуьйцина, поппар хьаькхина лоха жима шен куьйга дина цӏа дара Зийнин. Цӏадаьхкича а баланах ца долура нохчийн адамаш. Дегӏастана куьйга кӏела дисинчу нохчийн латтанашна тӏехь йолчу нохчийн йарташ, гӏишлош нохчашна йуха схьайала реза бацара суьйлий. Маьӏ-маьӏӏехь мах луш лаьцначу чоьннашкахь ӏаш амал а дайна, шен дех йисинчу кертахь шен шина жимчу кӏенташца Мартантӏехь дӏатарйеллера жима зуда, цхьана ханна майрачух а къаьстина. Рамзан воккхаха волу кӏант вара, жимах волу кӏант Ражап аганан хан йолуш вара. Ражап аганан чохь хьарчавой, цунна ха дан Рамзан а хӏоттавой, уьйтӏахь, кертахь гӏуллакхаш дан дезаш хуьлура жимчу зудчуьна. Бӏасьтенан йуьххьехь дӏайийна тӏейаьлла хӏума мехала хуьлура къелла ловш йолчу хӏусамна. Зийна шайолу нохчийн зуда санна жима йоӏ йолуш дуьйна къахьега ӏемина йара. Кхуьнан йоккхачу кертахь дӏайийна тӏейолуш дукха хӏума дара: хох, саьрамсекх, наьрс, хорсам, картолаг. Доцца дийцича, ша а, шен бераш а ӏанера даха а, совъйаьлларг дӏайохка а хуьлура. Цӏера арадаьхна кхойтта шарахь шело, мацалла ловш леллачу нахана, хӏорш шайн цӏабирзича а, цӏахь бан болх а, дина цӏа а дацара. Амма мел хала делахь а, хӏинца-м шайн цӏахь бара хӏорш, шайн дай эзар шарахь баьхначу махкахь, латтахь.
- Рамзан, дукхавахарг, хьо нанина гӏо дан ца вагӏахь, нана кертахь гӏуллакх дан кхуьура йац. Тӏаккха вайна йаа хӏума хир йац. Схьавоьл кхуза, хьайн жимчу вешига хьажа веза хьо, - кӏант ӏехон гӏертара Зийна.