Виран дуьрстана тӏера дӏайоьлху архаш а оцу дечигана йуккъе тоьхначу хьокхех дӏатосуш дӏанийса йира.
Хӏинца ворда кийча йара. Кхин цхьа а го боккхуш хьоьжура Ребӏат вордане. Де суьйренга гӏоьртине́ра.
- Хьалххехьа цӏакхо́чура ду вай, Да́ла мукъалахь! Вордана тӏаьхьа а хӏоттий, хьожуш хила, вай хьуьна йуккъера а́ра довлалца, - кӏантехьа хьаьжира Ребӏат. – Нийсачу новкъа девлича вордана тӏе хуур ву хьо. Сайдӏали-м вара дечигана тӏехула тӏе буьххье вала сакӏамделла. Амма ба́бас бо́хург дан кийча вара и.
Виран йуьхь лаьцна: «Бисмиллахӏирохьийм! Де́лан тӏехь бу-кх вай могуш маьрша цӏакха́чоран болх», - о́луш цӏе́хьа йолайе́лира ба́ба. «Ва, ма дукха йоьттина аша хӏара ворда!» аьлча санна вир цкъа шозза тоха а делла, дӏадоладе́лира.
Ше́рачу некъана тӏе а даьлча, некъ чунехьа а хилча, мохь кхин беза а ца хилчи гӏеххьа самукъа де́лира виран. «Цӏе́хьа боьду некъ!» - коьртехь долуш долу вир гӏеххьа самукъане а дара, ша́ кхин ийза ца дойтуш, йуьхь лаьцна йо́гӏучу Ребӏатан а хьалха да́лан а гӏерташ до́гӀура. Ше́рачу новкъа ворда йаьлча, Сайдӏали дечиган морана буьххье а ваьлла йуккъе тоьхна хьокха а лаьцна хаза гонаха гуш долчу ӏа́ламан суьрте́ хьожуш во́гӏура. Лакхахьа а́гӏора сийначу хьаннех дуьзина арцанаш дара, царна тӏехьа стигалах баххьаш гӏортийна лаьттара Башлам а, малхо къагиначу кӏайн лайх йуьзина лаьмнийн а́санаш а. Аьтто а́гӏора охьанехьа хьаьда йоьдура шуьйра бӏарийн беш, аьтто а́гӏора бӏаьлланган хьуьнан а́са шена йуккъехь хьуьнан кхор, хьаьмцаш, элхьамцаш, сеш хьуьнан ӏаж, кемс кхин а дукха хӏума дара. Цаьршинна йуккъехула чухьаьдда бо́цуш бара ворданан некъан ши а́са, дехьа, сехьахь а йуккъехь а бе́цах а бе́цан зе́загех а йуьзина.
Цхьанаэшарехь йоьдучу вирворданан болар хийцаделча санна хийтира Сайдӏалина. Йуьхь лаьцна йоьдуш йолу Ребӏат, вир човха деш сацон гӏертара, ткъа вир-м болар чехка да́ккха дагахь дара. Сайдӏалес геллах тесина йолу архаш буйна лецира, уьш йуха а озош бабина гӏо дан гӏоьртира. Амма вир кхин а йуьхьаха де́лира: бергаш дурцӏагӏах ту́хуш, цӏингаш а кхоьссина, ше́н