- Воха ма воха! Хӏумма а ца хилла, жимма гола лозийна, кхин доккха хӏума дац, - узар а о́луш жоп делира ба́бас.
- Аса хӏун гӏо де хьу́на, ба́ба? – хаьттира кӏанта.
- Ворданах хӏун хилира? – ге́нахь лаьттачу вордане хьожуш хаьттира ба́бас.
- Вир йоьжна ӏуьллуш йу, - кхетийра ба́ба кӏанта.
- Лоза-м ца йина и?
- Ца хаьа, бӏаьргаш а къерзош ӏуьллуш-м йу и, - э́лира Сайдӏалес.
- Ша́ цӏингаш кхийсина эхь хеташ къерзадо хир ду цо бӏаьргаш, - йелакъежира ба́ба.
Велаве́лира кӏант а. Ба́бас бегашца меттавалийне́ра воьхна хьийза кӏант.
- Вало, ший а хьожу вайшиъ и вир бӏаьргаш къерзош хӏунда ду, - хьалагӏа́тта йуьйлира ба́ба.
Цхьа, шиъ ког баьккхича кхийтира ба́ба, гола шена хетачулла а чӏо́гӏа лозийна хиллий. Кӏантана белшна тӏе а тевжаш кхин а масех гӏулч а йаьккхина кӏела йисира йоккха стаг.
- Мегар ду. Со-м «инвалид» йе́ли. Вирехь хӏун хьал ду техьа? – бегаш бора ба́бас. – Вало хьажа цуьнга.
Кӏант ведда вахана хьаьжира вир хӏун деш ду. Вир-м кхин доьхна хьийзаш а да́цара, гӏийла наб озийна ӏуьллура и, тӏе хӏоьттина кӏант тергал а ца веш. Кӏант вуха ве́лира, виран хьал дийцира бабига.
- Вир хьайга ворданах схьадасталой хьажа. Хуур дуй хьу́на? – хаьттира ба́бас.
- Хуур ду де́ра, ахьа кӏезига ӏамийна со и вир ворданах дӏадожа а схьадаста а, - э́лира кӏанта ворда йолчу а́гӏора дӏа а волавалан сих луш.
Вир ӏаьрчашна бухахь ӏуьллуш схьадаста-м иштта атта а ца хилле́ра. Кӏант дикка ваьллира вир мукъа доккхуш. Вир ирахӏоьттира, самукъадаьлла бе́цах церг тоха дуьйлира, жимма астагӏа дуьйлуш, ша́ ре́за до́цу кеп хӏоттош. Виран архаш бӏа́ран диттах дӏа а тесина, бабина улло́ вахара кӏант, туьта йолчу гӏабакхах йиначу «туьтана» чохь долу хи а хьош.
- Вордана тӏера дечиг охьа да́ккхалур дуй хьоьга хӏинца? – хаьттира ба́бас, хи мелла, «туьта» шена улло́ диттан ӏиндагӏе а хӏоттош.
- Доккхур ду аса-м. Хӏинца! – хьалаиккхира кӏант.
- Дечиг на́хана новкъахь хир до́цуш йистаха кхосса хьажа. Даьржина хир до́цуш, хьаладотта а хьажа цхьана меттехь.
- Дика ду, ба́ба! – хаьдда воь́душехь э́лира кӏанта.
Ба́бас говза хьаьрчийна гел схьайостуш хала хилира кӏантана, амма жимма хан йаьлча ворда йесса йара, дечиг йистахьа хьала доьттина дара. Кхин дӏа дан