Сийсара мел хьалхе охьавижинехь а, дохделла, там хиллачу дегӏе наб хьегӏара, базбеллера цуьнан сийна бӏаьргаш.
Шуьйрра бага а гӏаттийна, пхьаьрсаш дӏаса а тесна, цкъа бӏаьргаш чӏогӏа хьаббеш, тӏаккха дӏабоьллуш, шозза-кхузза цаьрца гимнастика а йина, хьалагӏеттина, коре вахара Михаил Иванович. Гӏопан кертан арахь керла пхьаьжаш леррина кегош йоллура слободкерчу муьжгийн масех кӏайн котам а, бероза нӏаьна а. Шена самг карийча, зӏок тухий, «къокъ-къокъ» деш, котамаш тӏейоьхий, цара пхьаьжа йуккъера сула лехьош, лаккха когаш уьйъуш, наггахь тӏам тухуш, шех тоам хилла, мохь тухуш, кура лелара иза.
Дехьо йаккхийчу тоьпашна чилгӏош хьоькхуш воллура масех салти. ГІопан баролал арахьарчу плаца тӏехь буьйр дечу унтеран чаьмза дешнаш а хезара. Полковник, цӏа ваха ойла хилла, корера дӏаволалуш, цӏеххьана неӏ йиллина, чуиккхира поручик Рыжков. Цо чехкка доьӏучу сих а, схьалелха санна, къаьрзинчу бӏаьргех а полковникна хиира Рыжковс деанарг могӏарчех гӏуллакх доцийла.
– Господин полковник! – мохь белира цуьнан. – Округан начальник подполковник Петухов вийна! Цуьнан гӏоьнчина капитанна Юзбашевна чов йина!
Батьянов, хаттар дан синкхетам боцуш, бага а гӏаттийна, акъваьлла лаьттира цхьана ханна.
– И муха хилла? – хаьттира цо эххар а.
Хӏинца мелла а саметтавеанчу Рыжковс паргӏат дийцира хилларг.
Округан йарташкахула чекхвала ваханчу Петуховс, аьккхийн цхьана йуьртахь налогаш ца токхуш нах карийча, уьш, йуьртден канцеляре а балийна, чехош хилла. Йаппарш йича а садиттина наха, амма подполковнико, тӏе а веана, шен мекх озийча, цхьана воккхачу стага, шаьлта тоьхна, охьавиллина иза.
Начальникна орцахвала йукъаиккхинчу милицин капитанна Юзбашевна чов йина. Иза Кешане гӏопехь Іуьллуш ву.
– Плаца тӏерачу иччархойн батальоне, ӏаморан занятеш совца а йайтий, сихха походна кечло ала! – омра дира полковнико, шен коьрта фуражка а туьллуш.
Поручик, гиччошка куьг а даьхьна, аравелира.
«Ванах, баккъал а бунт йу-те хӏара? – ойла йора полковнико. – Ма тапъаьлла тийна дара Нохчийчохь, атталла эсаран мох а ца хаалуш. Баккъал аьлча, туркошца тӏом болабелча, уьш цхьа гӏовгӏа ца йеш ӏийр боцийла-м хаа а