долахь йисина лаьттан коржамаш а дӏайоху, кертарчу котамийн кортойн цӏарах а налог тухур йу, боху…
– Шаьш салт дахарна ма кхералаш, – бат саттийра полковнико. – Шух хуьлу салтий?! Шу тайпа хӏоранаш, гуттар гӏаддайча, милице-м оьцург хир йара. «Налогаш» бохуш, аш йуьйцу хабарш а эрна йу. Хӏинццалцчул къен цкъа а хир дац шу, ткъа шу хьал долуш хилахь, налог а йоккхур йу. Ма кхера шайн долара мохк дӏабаккхарна а. Мохк бустуш лелачийн ӏалашо йу шун доларчу латтанашна дозанаш тоха, шуна йукъара девнаш дӏадаха. Амма, шун начальник со хилча, ма хала дара соьга шун мехкан шунаш, дозанаш къестадайта. И шунаш къуьйсуш, шаьлтанаш Іуьттуш, вовшехлеташ, кхачадолуьйтур дара ас шу.
Шина пІелга лаьцна мекх хьовзош, тобанна тӏехула бӏаьрг кхарстийра полковнико. Цо хӏун боху ца хууш, дист ца хуьлуш, ладоьгӏна лаьттара адам.
– Сан багах цхьа дош аьлча, Хаси-Юьртара хьаладеанчу эскаро чим бийр бу шун йуьртах. Суна хаац, округан начальник вийнарг шух мила ву. Бехкениг схьалахь, цунна таӏзар дийр ду ас, ца лахь – массарна а. Ойла йан цхьа буьйса ло ас шуна. Кхана Іуьйранна малх схьакхетале зуламхо сан карахь ца хуьлу-кх – тӏаккха суна цІоганаш ма хьийзаделаш. Ас ца элира ала дац шуна. Хӏара йурт лаьттинчохь чим хир бу, масех стаг ирхъуллур ву, бисинарш Сибрех бохуьйтур бу!
Къамел гочдича, гӏовгӏа йелира нахана йуккъехь.
– Маьхьарий стенна хьоькху цара? – хаьттира Батьяновс талмаже.
– Бехкениг шайна карор вац, боху.
– Цхьамма хӏунда ца олу хІокхара, варраша санна, маьхьарий а ца хьоькхуш? Веханиг, ахь алал, – Янгӏулбина тӏе пӀелг хьажийра полковнико.
– Начальник вийнарг, ведда, Нохчмахка вахна, – сацамболлуш схьахьедира
Янгӏулбис. – Иза воккха стаг ву, бӏе шаре ваьлла. Бехк цуьнан бац, шун полконкан бу. Дала дина бехкечунна таІзар. Оцу тӏехь гӏуллакх чекхдалийтича, нийса хета тхуна.
– Цуьнан гергара нах схьало, ала цаьрга.
– Уьш а бац. Шайн стаг а эцна, бевдда.
– Дика ду хӏета, – ла а доьгӏна, вистхилира Батьянов. – Со-м хӏара гӏуллакх машаре дерзо гӏертара. Шуна лаац-кх. И цхьаъ дӏадели. Ткъа цхьа ахсахьт хьалха гӏопера говраш йигнийла хаьий шуна?
– Тхуна хезна дац, хьан оьздалла, – массарна а хьалхара жоп делира