хӏара, – корта хьовзийра, цо когийн пӏелгаш а сеттош. – Хӏара мятеж сацор-м хьехочохь а дацара, сайн сих а догдилла дезий-те, моьтту суна хӏинца», – цадогӏучу дагца агӏор велакъежира капитан.
Сихха тӏе хеча а йуьйхина, кога эткаш оьзна, неӏаре хӏоттийначу цӏестан теса тӏе а вахана, гӏели диллина, чохь сурт гуш, къегачу гӏумгӏарчу шийлачу хица йуьхь йилина, гата а карахь коре вахара иза.
Лекхачу гу тӏехь лаьттачу кху цӏенойн корехула дӏа шера гора йерриг бохург санна хӏара Ножин-Юрт а, кхунна къилбехьа, кхечу дукъан басахь, хьаннашкахь йаьржина Іуьллу Билта а, лакхахьо Ямсул дехьара жима йурт – Айтин-Мохк а.
Селхана тийна йолу хӏара Ножин-Юрт а тахана, вай даьлча санна, карзахйаьллера. Герзах боттабелла, урамашкахула дӏасалелара гӏашлой а, дошлой а. Маьӏ-маьӏӏера схьахезара вовшашка детта маьхьарий. Даьхний а, башха тӏаьхьаволуш стаг воцуш, йуьртах арадуьйлу. Пурстоьпан тидам хилира дехьа регӏарчу кхаш тӏехь аддам а дацаран. Иза-м хьовха, лахо, Ямсун аьрру агӏонгахь кӏаг чохь Іуьллучу Булан-Хитӏана тӏехула гӏоттуш гуш а йацара кӏуьран Іаьциг.
Булан-Хитӏа жима йурт йу. Мацах цкъа обарго Арчакха йиллина, боху, иза ша санначарна. Пурстоп цуьрриг а шек вац, нагахь йуьртда Шахьболат маллахь, хӏара Ножин-Юрт, тӏаккха йисина йерриг а билтойн тайпанан йарташ гӏовттамхошна тӏаьхьахӏуьттург хиларх.
Лахо чохь йаьллачу тоьпан тата, Пруссаковн дог дахьош, регӏа кхерстира. Хӏусамда Шахьболат, неӏ тоьхна, цӏа чу ваьлча, цунах шен вохар лачкъо гӏоьртина, тоххара йакъайеллачу йуьхьах гата хьекха хӏоьттира иза.
– ӏуьйре дика хуьлда хьан, Шахбулат, – хӏусамден куьг лаьцна, гӏовли тӏера шен коч схьа а эцна, цунна гӏант мукъадаьккхира Пруссаковс. – Хӏун ду керла?
Шен сира маж буйнах а йаьккхина, куьг хьаькхна, месала мекхаш дӏасашардира хӏусамдас. Даим цӏечу басахь йогу цуьнан севсина беснеш тахана бос баьхьно хийтира капитанна.
– Диканиг кӏезиг ду, Павел, – доккха садаьккхира хӏусамдас. – Гӏаттам баьржаш бу, ӏаьржа ун санна. Наха дийцарехь, йерриг Нохчмахка ӏаьлбаг-Хьаьжина муьтӏахь йу. Чӏебарлахь бунт йина Залмин Дадас.
Гата хьостамах хьала а оьллина, хӏусамдена дуьхьал охьахиира капитан.