йерзийна лаьтташ йаккхий тоьпаш йу, тӏе милт ма-ӏоьттинехь, тхан йартех сийна цӏе йилла кийчча. Цхьа пхийтта чаккхарма генарчу Хаси-Юьртахь масех эзар салт а лаьтта.
– Тхан Чеччалхе а йац, ткъа Зандакъах а, Ножин-Юьртах а агӏо тоьхна лаьтташ? – кӏоршаме Іоттар йира Нурхьаьжас. – И салтий, йаккхий тоьпашший вешан махкара дӏайаха ца гӏерта вай? – Тӏаккха нахана тӏевирзира иза: – Нах! Имам Іаьлбаг-Хьаьжа къобалвийриг, паччахьан ӏедал, кхузара цуьнан йалхой дӏалахка луург, маршо йезарг кхузахь саца, пхьагалан дегнаш кийрахь дерш, йахь йоцурш шайн цӏа дӏагӏо!
– Тхо дерриг реза ду!
– Кӏиллой цӏехьа йерза!
– Билтошна йукъахь вац кӏилло стаг!
Тобанна йукъахь буьрса маьхьарий девлира. Дукхаммо, хӏаваэ хьала а лецна, герзаш дассийра, йуьстахболчара, шодмаш йетташ, дой тӏаьхьарчу когаш тӏе хӏиттадора. Шахьболат тобанна йукъа вала а кхиале, цара шайна бӏаьнча хаьржира хьалххе дуьйна ӏедале болчу цабезамца гоьваьлла йуьртахо Ларча.
Совнаха адамаш дӏаса а девлла, бартахой шаьш бисча, йукъавелира имаман векал.
– Нах! Вайн халкъан маршонан дуьхьа гӏовтта кийча дуй шу? – мохь туьйхира Нурхьаьжас.
– Делла дӏадовллалц!
– Йамартло йина, даг чу кӏиллолла йоьссина, йухаваьллачун дуьнене даха дог доцийла, хаьий шуна?
– Хаьа!
– Цкъа имамна тӏаьхьахӏоьттинчун, йа толаме, йа Іожалле бен, кхин некъ боцийла, хаьий шуна?
Тобанна йукъахь маьхьарий, герзашший девлира.
– Нагахь шаьш лелориг даггара делахь, ас бохург дан дезар ду шун…
– Схьаала, дала а кийча ду тхо…
– Кхузахь висна оьрсийн пурстоп, лаьцна, имамна тӏе вига веза аш.
– Иза-м хала доцург ду!
– Цул, вийна дӏаваьккхича?
– И жӏаьла кхобу Шахьболат а цхьаьна!
– Иза а къанвелла, ӏедална вецаш!
– ЦІенош даго деза цуьнан!
– Хӏунда дагадо уьш? Вешан ӏедал хӏоттийча, вайна а дезар ду уьш. Тӏе, имамо дихкина, кхел ца йеш, стаг вер.
Уллохь лаьттачу шен вешин кӏанте масех дош аьлла, говран чоже кӏажаш таӏийна, тобанна йукъавуьйлира Шахьболат. Цхьаберш – цуьнан къаналлин сий деш, кхиберш – хӏинца а иза паччахьан ӏедалан векал лоруш, дӏаса а хуьлуш, гу тӏе хьалавала ков дитира цунна.
Гу тӏехь лаьттачу имаман векална уллохь говр сацийна, шен месалчу кӏайчу цӏоцкъамашна