Гонаха наха лохха дечу къамелашка ла а доьгӏуш, Іаьлбагна тӏера бӏаьргаш дӏа ца бохуш лаьттара доттагӏий. Тахана кхузахь толамбаккхар шаьш схьалаьцначу ӏалашонан толаман закъалт хетара царна. Шокъали санна, цӏера йуккъехула иккхина йахана говр, шовзткъа аьрша лекхачу бердана гуттар йисттехь тӏаьхьарчу когаш тӏе а хӏуттуш, цӏеххьана сецира. Ӏаьлбаган а, цуьнан говран а кхераме хьуьнарш дуьххьара ца гинехь а, Къайсаран а, ӏала-Мохьмадан а синош, лахкаделла, кӏажийн пхенаш чу диссира. Цхьа чо а галйалахь, шена тӏерачу беречуьнца оцу тахьтазаре чугӏур йара иза. Амма ӏаьлбаг шек а вацара. Оцу хьолехь минотехь сов лаьттира иза, Ахьмадан, Акхтин дехарца ша дӏаваккхалц. Ша йолччохь тӏаьхьарчу когаш тӏехь говр йуха а хьовзийна, хьалха ша биначу некъан дуьхьалонаш хедош, чекхваьлла, иза боларехь шен доттагӏашна тӏеволавелча, хӏорд санна, техкира майданара адам.
Болатгӏарна уллохь лаьттачу нехан къовсамаш бевлира.
– Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ву и стаг эвлайаийн дакъа долуш!
– Дика дин хилча, дакъа а хуьлу.
– Хьо хаал цунна тӏе?
– Хиъча, дера, ву хьалха тӏенисвеллачу ор чу вужур!
– Йа, цӏергахь хечин айла а йаьгна, вуьсур!
– Маккахь даьккхина жайна хир ду цуьнан дегӏаца. Йа цуьнан говран хьаьжа тӏехь кхозучу хӏайкална йуккъехь.
– Хабарш! Дуьххьалдӏа майрачу беречо, ша санна, майра дин а ӏамийна.
– Хьажа, хьажа! Эла Авалу ву цуьнга куьг лестош!
Баккъал а, беречун хьуьнарх цецваьлла эла Авалов ван а вара, ӏаьлбаг декъалвеш, куьг лестош.
– Бакъволу бере ву иза! – бохура цо уллорчу Чомакхе. – Дуккха а меттигашкахь, дуккха а къовсаршкахь хилла со, амма и тайпа дин ца гина суна. Мичара ву иза? Симсарара… Симсарара… Зандакъана къилба-малхбалехьай? Ладогӏахьа, Чомакх, Гуьржех болу берриг сайн мохк дӏалур бара-кх ас оцу динах. ГІой, мах бийцахьа цуьнца.
Чомакха корта хьовзийра:
– Бухкур бац.
– Кхо мах белча а?
– Хӏара Яьссин тогӏе йуьззина деши делча а.
– Ой, иштта хьалдолуш ву иза?
– Къен а вац. Амма ламанхоша иштта дин а, герз а атта дохкац.
– Хӏета, дуьтур вай иза, – куьг ластийра Аваловс.
Къовсаршкахь уггар чолхе, кхераме, хала хьуьнар кхиамца чекх а даьккхина, шайна тӏевеанчу доттагІчунна говраш тӏехь боллушехь маралилхира Къайсар а, Болат а.