Ярцевна тӏедилла, цхьа а мятежник Устаргӏардойн тӏайх сехьа ма валийта алий. Йаздин ахь?
– Йаздина, хьан локхалла.
– Кхидӏа. Шелана тӏера бӏаьрг ма баккха. Цунна тӏе мятежникаш ма бита, мел даккхий дараш хилахь а. Мятеж Йоккхачу Нохчийчу ца йалийта, отрядаш Устаргӏарданий, Эрсанний йуккъе хӏиттайе. Нохчашна йукъарчу вайн лазутчикашна ахча а ма кхоаде. Полковнике Батьяновга: Хаси-Юьртана а ӏумхан-Юьртана а йуккъерчу линица чӏагІло. Нагахь и акхарой Теркал дехьайовла гӏортахь а, царна новкъарло йан, хин бердашца болу хихбовларан берриг а гӏирсаш хӏаллакбе. Дерриг нийсса йаздин ахь? Сихонца телеграмма дӏало.
Габаев араваьлча, Мыловна тӏевирзира Свистунов.
– Хӏинца, господин полковник, дийцал цигара хьал ша ма-дарра.
Майртуьпахь хиллачу тӏамах а, тӏаьххьарчу масех дийнахь Нохчийчохь хӏоьттинчу хьолах а лаьцна дийцина ваьлча, Нуридна арз дан хӏоьттира Мылов.
– Хьан локхалла, уггар кхераме киртиг тидаме ца оьцуш йуьтийла дац. Ӏумхан-Юьртара со аравалале, ас геланче Нуридна тӏе приказ дахьийтира, цхьана батальонций, гӏалгӏазкхийн сотниций, йеа йоккхачу тоьпаций со Майртуьпа вогӏу, хьайн отрядца сихха суна дуьхьалвола аьлла. Кхо сахьт далале цо жоп даийтира, хӏоьттинчу хьолаца дуьстича, отряд Эрсанара дӏайаккхар кхераме ду аьлла. Шолгӏа ас дахьийтина приказ а кхочуш ца дира цо. Эххар а, кхозлагӏа ас приказ делча, жоп даийти: «Хьан приказ кхочуш ца дича ца волу со, амма, сан отряд хӏаллакьхилахь, жоьпалла хьуна тӏе дужу», – аьлла. Ахь пурба ма-даллара, ас хьан локхаллин цӏарах ма лора приказаш. Уьш кхочушцадарна полковникна Нуридна таІзар догӏу.
Александр Павлович хьалагӏеттира.
– Кхидӏа цуьнан амалшка хьаьвсича, хуур вайна. Цӏа а гӏой, жимма садаӏа…
Чувеана адъютант, Свистуновга телеграмма а йелла, неӏаре йуха а ваьлла, чурт санна, вогӏавелира. Инарлас сихха бӏаьргаш кхарстийра кехата тӏехула:
«Цуьнан локхалле Теркан областан эскарийн командующига, инарла-адъютанте Свистуновга.
Стомара буса, шайн коьртехь могӏара салти Попов Елисей а волуш, Герзель-гӏопера шайн герзаца кхоъ салти ведда хилла мятежникийн агӏонгахьа. Бевддарш гӏопана генабовла кхиале, и хиъначу