гӀовталш а, коьрта техкина ӏаьржачу холхазан куйнаш а. Малхехь лепара коча тийсина а, йукъахдихкина а безачу механ герзаш. Вуьшта, Солтханан барзакъ ледаро дара, цаьрца дуьстича.
Товсолта-Хьаьжина дагадеанарг хаа лууш, сакӏамделла нах тапъаьлла тийна лаьттара.
– Тхан хьомсара хьаша, тхан лераме хьаькам эла Авалу! – тийналлехь даьржира Товсолта-Хьаьжин мукъаме, дуькъа аз. – Хӏара таханлера де цкъа а дицлур дац тхан йуьртана. Тхан къоьлле, мискалле ца хьоьжуш, тхуна куралла ца йеш, кхуза веанчу хьуна Дела реза хуьлда, Дала йуьхькӀомаца дукха а вахавойла хьо! Тхо цхьадолчийн лааме диллича, тахана вайн воьдург виъ хилла ӏийр вацара. Оха уьш бӏе хуьлуьйтур вара. Ма-луъу ца хилча – ма-торру, олуш ду тхан. Тхешан ницкъ кхаьчнарг дина оха. Хӏара тхешан бераш, хьалха – Делан, шолгӏа – хьан кара ло оха. Тхуна боккха синтем бу хӀорш Момин Хьотица эскаре боьлхуш хилар а. Момин Хьота майра а, хьекъале а къонах ву. Иштта ша хилар цо гайтина вайн паччахьан мостагӏашцарчу тӏамехь. Ткъа шу, кӀентий, – тӏехьа лаьттачу веанна тӏевирзира Товсолта-Хьаьжа, – шу ледара ма хилалаш. Вайн сийлахьчу дена – паччахьна – шайн муьтӏахьалла гайталаш. Хьаькамаша шайга сийначу цӏерга лелха алахь – бӀаьрнегӏар ца тухуш, йукъалелха. Варийлаш, шайх бехк балийтий, кӏиллолла йалийтий, цӏа ма дерзалаш. Гатийуьртахой тешна буьсу аш паччахьний, Россиний хьалха шайн декхар кхочушдийриг хиларх. Дала могаш-маьрша, толамца шайн доьзалшна тӀе цӏа дерзадойла шу!..
Аваловс цхьа масех дош аьлча, чардакх тӀера чувоьссинчу Момин Хьотас, тӏе а вахана, хьалха Товсолта-Хьаьжин, тӏаккха веа лаамхочун куьйгаш а лоцуш, баркалла элира царний, церан дайшний.
Цхьа масех минот йаьлча хьеший, Хортӏина тӏаьхьа а хӀиттина, йуьрта бахара.
Кхузахь тахана гинарш дийцаре а деш, дӀасабахара нах а.