нахана ӏедало геч а дахь, шаьш дуьхьало сацор йу аьлла. Ӏаьлбаг лаца луурш дуккха а бу, амма цхьаммо а шен дош кхочуш ца до. Суна хетарехь, меттигерчу бахархоша вай ӏехадо. Полковник Батьяновн отрядан гӏоьне догдохийла а дӏайаьлла. Кху сохьта вайна хьалха ши некъ лаьтта. Хьалхахьа дӏадахар, Делан гӏоьнца, кхиаме хилахь, гӏаттамца дерг чекхдоккху вай. Амма, Хаси-Юьртарчу отрядан гӏоне даха дог а доцуш, вешан кӏеззигчу ницкъаца Нохчмехкан кӏорге долар барам боцуш кхераме хета суна. Шолгӏа некъ а къастийна, йухадовлахь, мятежникашна хьалха сий лахло вайн. Иза даррехь вай вешан гӏорасизалла гайтар хуьлу. Сан дехар ду шуьга, господа, шайна хетарг алар.
Командующис цӏеххьана биначу дагахь боцчу хаамо цецбаьхна эпсарш ойлане бигира. Царах цхьаннен а кийча жоп дацара. Векъана, даим кечвелла, вухавелла хуьлу полковник Крузенштерн, шен бӏаьргехь йоллу монокль схьа а йаьккхина, ло санна кӏайчу йовлакхца цӏанйан хӏоьттира. Кӏедачу томкех йантаран луьлла а йуьзна, сирникца иза лата а йина, боккха баьккхина кӏур чу а тоьхна, ши бӏаьрг Яьссел дехьарчу Тӏерга-Дукъа а боьгӏна, дӏатийна эла Авалов а. Чинна лахара волу майор Явченко, хьалхе йаккха ца лууш, хӏокху кхаанга бӏаьрг бетташ ӏара.
Эла Аваловн дагахь Ведана йухавалар дара, амма, командующин дагара ца хиъча, цунна ца лаьара шена хетарг ала. Коьртачунна тӏе а тайна ӏер тоьлуш хийтира цунна.
– Хьуна хӏун бакъахьа хета, хьан локхалла? – монокль дӏа а нисйина, командующега хьаьжира Крузенштерн. – Ас аьлларг дахь, Ведана йухадевр дара.
– Бахьана?
– Бахьанаш-м оьшучул тӏех деца! Цхьа сахьт хьалха къеначу нохчочо хьоьга ма-аллара, нагахь бахархошна ӏедална дуьхьалбовла ца лаахь, цаьргарчу гӏоьнах дог а диллина, ӏаьлбаг а, цуьнан бартахой а шаьш вайна тӏебогӏур бу йа, ӏедална зуламе боцуш, хьаннашкахь къайлабевлла, совцур бу. Шолгӏа. Йартийн тхьамданаша ма-аллара, бахархойн ойланаш машаре йелахь, вай, кхузахула дӏасалелаш, и зӏуганийн баннаш карзахдаха ца оьшу. Нагахь уьш, вайца мостагӏалла а долуш, цхьана аьттоне хьуьйсуш, таьӏна ӏаш белахь, вайн жима отряд, шайна йуккъе нисйелча, аьтта дӏайохуьйтур йу цара. Доцца аьлча, мацах цкъа