– лакхахь ма нисло. Овхьадан ден хьал ду, ткъа Овхьад ша, вайна ма-хаъара, Буру-гӏалахь оьрсийн дешар дешна а ваьлла, хьаькам хир волуш стаг ву.
Хих йуьзна, бертехула тӏехтуьйсу кӏудал апари кӏелхьара схьа а эцна, охьахӏоттийра йоӏа. Оцу минотехь йайра къоначу йоьӏан йуьхьа тӏера эсалалла, Олхазар санна, тӏамарш йаржийна, охьалахделла ӏаьржа ши цІоцкъам айъаделира, йуккъехь жима марха а гулйеш.
– Соьга и ала векал вина ваийтина хьо Болата? Ша хӏунда ца веана иза? Йа кхин соьга вист ца хила чагӏо йина цо?
– Хӏан-хӏа. Болата дийца гӏиллакхехь доцург ду ас деанарг.
– Охашимма вовшашка дийца йиш йоцуш, галдаьлларг хӏун ду?
– Цуьнан тайпа-тукхам, схьаваьлла меттиг бац бохуш, дийцина хьоьга.
– ТІаккха?
– Иза Шелахь уггар доккхачу тайпанах, оьздачу цӏийнах схьаваьлла а, Гати-Юьртахь уггар тоьллачу наха тӏелаьцна а ву. ГІуллакх галдаьлла веана-кх иза вайн йуьрта. Шен гергара нах берриг Хонкарахь хӏаллак а хилла.
– Уьш дерриг суна хаьа, Къайсар.
– Цундела керчина хир йу хьан ойла Овхьадехьа. Уьш хьал долуш ма бу. Хӏара къонахийн зама йац, Деши, молланийн, совдегарийн зама йу.
Къорзачу гуьлмаьндин тӏам карахь хьекхош ладоьгӏуш лаьттачу Дешис, шен жима, хаза корта жимма агӏор а саттийна, жугӏара хаза бӏаьргаш Къайсарна тӏебуьйгӏира.
– Хаац, Къайсар, хьой, хьан доттагӏий соьга хӏун алийта гӏерта. Нагахь, Хортӏагӏар нах бац, ткъа Овхьад къонах вац ас эр ду моттахь, цуьнга ла а ма дегӏа. Хортӏин хьал ду, иза Нохчмахкахь лоруш стаг а ву, Овхьадна ала а дац сан хӏумма а. Куьце, гӏиллакхе жима стаг ву иза а. Со цунна хьехош йу, сан нах оцу захалонна дуьхьал а бац. Хӏинца хӏун де вай ткъа?
Къайсар, цецваьлла, Дешега хьаьжира. Цунна цкъа а дага ца деанера, оцу эсалчу, экамечу йоьӏехь иштта собар а, бакъдерг йуьхьадуьххьал схьаала майралла а, ницкъ а хир бу бохург.
– Хьо бакъ лоь-кх, Деши. Овхьадна ала хӏума дац тхан-м. Амма ахь, йогӏур йу аьлла, Болате делла дош ду. Шина шарахь тӏе а хьийзийна. Хӏинца хьо йухайаьлча, тхоьга лалур дац. Ахь ӏехо бераш ма дац тхо.
– Хӏун дийр ду аш? – йоӏа шен хаза корта йуха а курра Къайсаре хьажийра. – Тахана санна, со шовдане йеача, нуьцкъах, текхош, йадийна йуьгур йу?