а, гондӏарчу къаьмнийн а нахе.
Ӏаьлбаг вехха ӏийра, муха долор ца хууш, ойла йеш. Муха цӏе йаьккхина, кхайкха веза? «Вежарий» эр ду, «доттагӏий» эр ду?
ГІовттамхошна дуьхьал цхьаьнакхетта йерриг йарташкара хьолахой. Чермон Орца, Мустафин Девлатмирза, Сарӏелин Бача, Момин Хьота, Ойшин Чомакх, Чӏуьлган Оьлби. Уьш санначу иттаннийн тӏаьхьенаш, гергарниш ӏедалехьа бевлла. Цаьрца бу мелла а шайн хьолах тоам бина, гайш йуьзнарш а, шайн ден докъанна тӏера марчо доккхур долу къуй а, талорхой а. Оцу гӏерано шайгахьа баьхна шайн тайпанийн нах а.
Цаьрга хӏун аьлла кхойкхур ву, церан дегнаш чохь адамалла, къинхетам ца хилча?
Нагахь луларчу суьйлийн йарташа тховса шаьш делла дош кхочуш ца дахь, Веданан гонахара йарташ а ца гӏовттахь, кхиаме дог дохийла йац. Кхиам хӏунда хьехабо, кху Симсарахь, ӏожаллина кечвелла, саца деза-кх. Кӏелхьарвала некъ ма ца буьсу. Вада-м, дера, водур ву. Са дадийна а лелар ву. Къанвелла кӏелвиссалц, валлалц. Ткъа ӏаьлбагна оьшург шен са ма дац. Шен дуьхьа ма ца биъна цо шийтта шо хьалха дуй Коьрагӏаьрца цхьаьна. Цара сатийсинарг маршо ма йу. Дерриг халкъан. Дерриге а халкъийн.
Эрна дуй-те ӏаьлбага долийнарг?
Дикка ойла а йой, ша-шена жоп ло цо: «хӏан-хӏа, эрна дац». Хӏорш шаьш цхьа ма бац хӏокху къийсамехь. Хӏара ламанан къаьмнаш гӏевттина ма ца ӏа. Россехь оьрсий а ма буьйлу паччахьна дуьхьал. И дуьххьара дац, бохура Берсас. Иттаза, бӏозза гӏевттина, бохура цо. Дуьненан кхечу мехкашкахь а бу, боху, хӏарра къийсам. Маршонехьа, бакъонехьа, нийсонехьа. Шаьш иттазза, бӏозза эшийча а, набахтешка кхийсича а, цӏела керчийча а, тангӏалкхаш тӏе хьалаоьхкича а, ца къарлуш, йух-йуха а гӏуьтту, боху, уьш а. ТІаьхь-тӏаьхьарчийн дуьхьало дера а, толаме лаам а алсам хуьлуш. Мацца а цкъа халкъаша толам боккхур бу, бохура Берсас. Амма хӏетале дуккханийн дезар ду къийсамехь эга. Церан декъашна тӏехула дӏа бу маршонна тӏе некъ. Къийсам, къийсам, хаддаза къийсам! Кхерамний, ницкъаний хьалха йуха ца довлуш, даим дӏа къийсам. Тӏаккха бен эшалур йац харцо. Хӏокху пачхьалкхера дерриг къаьмнаш цхьатерра гӏевттича, цара цхьана дийнахь дӏакхуссур дара шайна тӏера ӏазап, амма ӏедало и