дихкина, Петарбухе дӏавуьгур волуш ву, боху…
– Орца боху и къанделла зуд йуха а деана кхуза? – цецвелира Солтмурд. – Шена тӏаьхьара и пхьуйн арданг а эций, кху Нохчмахкара дӏавала, ала цуьнга. Тхешан каравагӏахь, оха жоьжахате хьажор ву иза!
– Инарла Орца воккха хьаькам, хьекъале стаг а, вайн вешан нохчо а ву, цо бохург мукъане а дейша… – цӏевзира Нуркиша…
– Шайн инарла Орцица цхьаьна жоьжахатин цӏергахь догийла шу!
– Сих ма лол, ӏаьлбаг, – элира хӏетталц вист ца хуьлуш лаьттинчу Коьрас. – Баккхийчу нехан дехар ца лерича, гӏиллакхе хир дац. Инарле Орце а, оьрсийн полковнике а дӏааьр аш: нагахь ӏедало тхан лехамаш кхочушбан а, тхо тӏедаьхкича, тхоьца хиллачу нахана таІзар ца дан тӏе а лацахь, тхо тӏедогӏу алий.
Цецваьлла шега хьаьжначу ӏаьлбаге бӏаьрг таӏийра Коьрас.
– Дика ду, Нуркиша. Иштта дӏаала полконаке. Оха бохучунна инарла Вистуно резахилахь, тхуна закъалт даийта а ала.
Зандакъой дӏабахча, Коьрина тӏекъевкъира ӏаьлбаг:
– И хӏун ду ахь динарг?
– Ма кхералахь, инарла резахир вац хьуна вай бохург дан, ӏедал зер а, кечамна хан йаккхар а хир вайна.
Коьрина хетарг хилира. Суьйранна малх чубузучу хенахь Зандакъара схьабогӏучу новкъа гучувелира гӏаш а, говрашкахь а ши бӏе гергга стаг. Цаьргахь герз гича, йуртларйархошна хиира уьш машарна ца богӏийла. Тоба тогӏи чу йоссале, цунах схьакъаьстира буьххье кӏайчу кӏадинан аса йихкина гӏаж карахь бере. Цинцаш дӏаса а туьйсуш, йортахь хих сехьа а ваьлла, хаддаза байракх лестош, хьала йуьрта волавелира иза.
Лакха тӏехь лаьттачу ӏаьлбагна а, Коьрина а вевзира масех сахьт хьалха кхузара дӏавахана зандакъойн йуьртда Жанхот. Берда кӏел кхаьчча, говр а сацийна, хьалахьаьжира иза.
– Хӏай, ӏаьлбаг-Хьаьжа, хьо вуй иза? – хьала мохь туьйхира цо, лакха берда тӏехь лаьтта ӏаьлбаг а, Коьра а гина.
– Ву, дера. Хьуна хӏун лаьара?
– Палконак реза вац аш аьллачунна.
– И ала даьхкина шу, Зандакъахь мел верг цхьаьна а кхетта?
– Шу, леций, дӏадаладе аьлла, дахкийтина тхо, – цхьана меттехь саца ца туьгу йерстина говр сецош, хьала мохь беттара Жанхота. – Бертахь дӏадогӏу шу йа оха нуьцкъах дуьгу?
Цецваьлла ӏаьлбаггий, Коьрий вовшашка хьаьжира.
– Ой, тхох лата даьхкина шу?