шаьшшиннан стерчий а доьжна.
– Зуда ӏаш йуй Мӏаьчиган?
– Дукха резахилла. Ӏайшат а ма йу, МІаьчиг санна, цхьа пекъар.
МІаьчиг гича, цуьнан цӏе йоккху хезча, генна дӏайахана и шен декъаза бералла дагайогӏура Болатна. И цхьаъ вара кху агӏор Болатан хиллачу бохамийн теш, хӏара, ша санна, безачех хаьдда, гӏаж санна, цхьа висина, цуьнца жоьжахатин ворхӏе гонах чекхваьлларг. Хӏинца Болатна карладелира ши эзар сов адамийн гӏаларт даймахка йухадерза новкъадалар, шаьш Арпачай кхачар, цигахь туркоша шайна тӏе йаккхий тоьпаш тохар, дийна бисинарш, гонаха ха а даьккхина, йухабигар…
Бӏаьстенан йуьххьехь Турце кхелхинчу ткъе кхаа эзарнах гурале дийна висинарг иттех эзар бен вацара. Оцу ӏай хӏорш дӏасабаржийра Турцин къилбен агӏонца. Борц санна. Масех доьзал цхьана йуьрта а нисбеш. Ӏа чекхдалале оцу итт эзарнах а нийсса ах хӏаллакьхилира. Мацалло, махкалло, цамгарша хьаькхира. Шолгӏачу бӏаьстенга ца йелира Болатан нана Хеда а, жима йиша Човка а.
Ӏожалло дӏахудуш, тӏаьххьара сауьйзучо а дог ца дуьллура генарчу даймахках. БІаьстенга бевлча, жимма чу са деъча, йуха а къилбаседехьа дӏагӏертара нах. Кегийрачу тобанашца. Бераш, зударий, къенаниш цхьаьна. Даллалц дӏагӏерта-кх, бохуш. Шолгӏа аьхке тӏейеача, хьаннашкахь стом-хӏума гучуйаьлча, новкъа бевлира ӏела, Мӏаьчиг, Эсет, Болат. Маккхал вацара цаьрца. Хьалха Мушехь висина иза кхин ца кхийтира царах.
Массарна а моьттура, Россин дозанна тӏедевлча, атта хир ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Бахархой-м, дера, гӏертара хІокхеран гӏо дан. Пайда барий ткъа, хӏорш санна, бевдда Турцера цӏа богӏу ламанхой ларбеш, массо маьӏӏехь кӏелонаш йина Іаш салтий, милцой хилча? Ведда вогӏу ламанхо лаьцначу стагана кхаъ биллинера ӏедало. Цундела дозанера схьа эрмалойн, гуьржийн махкахула, дийнахь ловчкъуш, буьйсанна сахиллалц некъ беш, чекхбевлира уьш. Йартех, некъахойх а къехкаш. Лаьмнашкахула, гӏашнекъашкахула. Стоьмаш, йараш йууш. Экха, олхазар лацаделча, кхача а тарбеш. Къаьсттина ницкъ хиллера бераца йолчу Эсетна. Кӏант вузо шура ца тоьура ша а мацалла леш йоллучу цунна.