Кхин а дика хир дара, и шайн басурманаш – туркой – болчу дӏахьовсийнехь. Хӏинца а дац тӏаьхьа. Господа, ӏедале иза дӏахьедан деза вай. Ши мостагӏ тарлур вац цхьана хӏусамехь. Йа вай, йа уьш – шиннах цхьадерш дӏадовла деза хӏокху махкара!
– Хьуна хӏун аьлла хета, господин? – тобанна гергагӏоьртира Васал. – Муьлш бовла беза кхузара дӏа?
Цецваьллачу господинан ирхъхьовзийна дуткъа мекхаш мера кӏел хьалакхийтира.
– И хӏун хаттар ду? И акхарой довла деза-кх! Кхузара дӏадовла йехкина вай хӏара гӏала, станицаш? Хӏан-хӏа, цавевза господин, вай дӏадевр дац кху махкара.
– Хьо мичхьара веана кхуза? – хаьттира тӏехволуш уллохь сецначу цхьана пхьерах волчу стага.
– Курски губернера. Хӏунда хоьтту ахь?
– Ткъа шу, господа? – бисинчарна тӏевирзира важа.
– Цхьацца маьӏӏера даьхкина-кх тхо а: Волги тӏерий, Ростовна уллорий, Рязанерий.
– Со а веана Тамбовра. Кхузарчу нохчийн а, оьрсийн а къехойн вовшашца, мостагӏалла-м хьовха, цхьа а тайпа хьагӏ-гамо а йац. Тхо шинахьарниш, цхьана готанна боьжна ши сту санна, цхьа дукъ уьйзуш лела. Нагахь тхоьций, оцу нохчашций кху махкахь цхьаьна даха шаьш реза дацахь, шайн сал-палца йуханехьа йахийта. Оха а, цара а дехна, кхайкхина а ца далийна шу, – кӏоршаме вистхилира белхало.
Хӏара шиъ вовшашка лен ваьлча, кӏез-кӏезиг гуллуш, дуккха а адам гулделира тобанна гонаха.
– Мила ву и гӏовгӏа йийриг? – хаьттира Васала шена уллохь лаьттачу векъаначу, гӏорладоьлла куьйгаш долчу лекхачу стаге.
Схьа а вирзина, коьртера охьа когашка кхаччалц бӏаьргашца Васал вуьстира лекхачо.
– И цициган мекхаш дерггий? – корта тесира цо горгачу господинехьа. – Иза, дера, ву хӏинцца хӏоьа чуьра араваьлла керла совдегар. Суна а дагахь веана иза хӏокху махка. Цхьа дуккха а дуьне девзина тиша чамда а гихь. Оцу чамди чохь йара йерриг цуьнан баккхал. Кхузахь оьций, товар гондӏарчу нохчийн йарташка а кхоьхьуш, цигахь итт мах боккхуш, дохка волавеллачу цунах хӏинца купец хилла.
– И цхьаъ вахана ца ӏа оцу новкъа, – элира, цуьнга ла а доьгӏна, кхечо. – Важа бисинарш ткъа? Кхузара берриг тӏеман а, ӏедалан а хьаькамаш? Россехь бисинарш ткъа? Россехь исправник ца хӏотточу эпсарх, кхуза веъча, инарла, лаххара а