шуна, вай а, шаьш а охьатаӏийна, вайн а, шайн а цӏий муьйлучарна дуьхьал гӏевттина шуна уьш!
Хӏара дов доладаларна бехкениг, стомма совдегар, шен карара кӏайчу маьӏан мукъ болу йуткъа Іаса а айбина, хьалхагӏоьртира.
– Схьалаца иза! Схьалаца нохчийн лазутчик!
– Йетта цунна!
Йукъ-йукъара масех тӏулг кхоьссира ораторна. Царах цхьаъ белшах кхетта, иза, ши куьг йуьхь-дуьхьал а лаьцна, гӏантара чу а воьссина, нахана йукъахь къайлавелира.
ТІаккха карзахйелира тоба.
– Вежарий, йетта господашна!
– Лахка уьш!
– Вайн баганаш тега гӏертий-ц!
Цхьа масех минот йалале, ӏуьттуш, тоьттуш, йетташ, наха шайна йукъара лелхийра горга господин а, цуьнан бартахой а. Царах цхьаъ ӏедале орца ала дӏахьаьдира.
Васала дӏалецира хьалхарчу ораторан меттиг. Тоба жимма дӏателлац а ӏийна, ший а куьг хьалалецира цо.
– Вежарий! Сол хьалха къамел динчу муьжгичо бакъдерг дийцира. Сан кхоллам а бу цуьнчух тера. И санна, йа шу массо санна, барино хьийзийна со. Ӏазапехь бу нохчий а. ТІулган лаьмнашкахь, тӏуьначу хьаннашкахь, йалта кхио латта доцуш, мацалла бӏарзбелла хан тоькху цара. Хьаьнгахь бу цаьргара дӏабаьккхина мохк? Дера, ца белла иза салташний, шуний-м. Нохчийн цӏий ӏенийначу церан а, оьрсийн а инарлашна, эпсаршна, гӏалгӏазкхийн хьолахошна белла-кх. Уьш туркошна гӏоьнна оьрсашна дуьхьал гӏевттина бохуш, дуьйцу шуьга. Оцу аьшпех ма тешалаш, вежарий. Паччахьан ӏедало шайна тӏехь латто харцо, мацалла, гӏело, ӏазап кхидӏа лан а ца делла, гӏевттина уьш.
Тӏеттӏа тӏегуллучу адамо тийна ладоьгӏура Васале. Лакхара охьа бӏаьрг тоьхча, тобанна йукъахь цунна ца гира хьолахойх а, церан йалхойх а цхьа а стаг. Цкъа а хӏара тайпа къамел ца динчу Васалх хьацаран кӏур хиллера.
– Нохчаша оьрсийн бахархой бойъур бу бохуш, эладита хеза гӏалахь. Бакъ дац иза! Нохчаша тӏеман заманахь а ца дина шун цхьана а станицина тӏелатар. Цара, вайн инарлаша санна, зударшца, берашца, къеначаьрца ца бо тӏом. Нагахь шу герз карахь шайх лата дагӏахь, летар бу уьш, ткъа машаречу оьрсичунна, даим а санна, кхерам бац цаьргара. Амма цара къинхетам бийр бац вайн цӏий муьйлучу Белликгӏарах, Чермоевгӏарах, Эристовгӏарах, хӏинцца кхузахь харц