массара а хӏор а денна, йух-йуха а олуш, цунна карладоху: кхузарчу муьлххачу а туземцел хьо лакхара хилар ма дицделахь, кхузахь хьо ӏедалан орам бу, кхузахь вайн ӏедал дожахь, хьайн бахамах а, йукъараллин хьолах а вуху хьо, варийлахь, даймахкана, килсана, паччахьан ӏедална муьтӏахь а, тешаме а хилалахь.
И зурма хьех а, тӏамарх а йоьлларш а бу оцу тобанна йуккъехь. Уьш тийна ладоьгӏуш ӏа. Цара маьхьарий хьекхац.
– Вежарий! Аш кхузара дӏалоьхкучу господаша маьхьарий хьоькхура: нохчий хӏокху махкара дӏабаха беза бохуш. Цаьрга-м алийтийша, царна-м хӏуъу дийцича а эхь дацара. Амма изза дешнаш хезна суна вайн вежаршкара а. Иза ду новкъа. Хӏара мохк нохчийн буйла ца хаьа шуна? Ткъа шаьш кхуза даьхкина йа далийна, уьш дӏа а теттина, уьш къийбина, церан мехкан дега йуккъе охьахевшина хилар хӏунда дицдо аш? Нийсса элира оцу дӏогахь лаьттачу муьжгичо: шаьш нохчашца цхьана лулахь ваха резавоцург ша схьавеъначу дӏагӏо! Вежарий! Ла ма догӏа харц эладитанашка! Шайн маршонехьа, нийсонехьа гӏевттинчу нохчашна гӏоьнна гӏовтта! Йетта вайн массеран а цӏий ӏуьйдучу хьаькамашна…
Васалан и кхайкхам йукъахбаьккхира гӏалин ӏедалан омрица урамехула хецна говраш хаьхкина кхузахьа богӏучу гӏалгӏазкхаша. Хӏинццалц салташций, гӏалгӏазкхашций галморзахаллаш ца хилла нах шекбоцуш лаьттара, цаьрга а хьуьйсуш. Цул сов, хӏокху баттахь гӏалин урамашкахь гӏалгӏазкхий дуьххьара ца гора царна. Амма дошлой, дӏаса ца хьаьвзаш, кху тобанна йукъалилхира, аьтту, аьрру агӏор шодмаш лестош.
Цхьа масех минот йалале йассайелира майда. Васал, баролал дехьа а иккхина, нехан керташкахула ведда къайлавелира.
Регӏан басах летта ӏуьллу Мӏаьчиган ирзо доттура малхо. Аьккхийн-Дукъа тӏехьара хьала а айъабелла, Гӏачалкхан-Дукъа тӏехьа къайлабаллалц. Шена тӏера эттӏа чоа йуьстах а тесна, йукъ-йукъа, соцунгӏа хуьлий, хеча хьала а узуш, ирзона гонах мангал бетташ воллура Мӏаьчиг. Цо лесточу мангале терра, раздуьйлуш, тӏеттӏатаьӏаш, дӏасадаьржаш, мукъа дацара хьацаро лашкабаьккхинчу бекъачу букъа тӏе хевшина Мӏаьчиган ира пханарш.
Хьацар къегара хӏетта баьшначу коьрта тӏехь а. БІаьргаш ӏийжош, дукъ хьаьвзинчу