Хӏунда?
– Эскар догӏу аьлла хезча, кхерабелла…
Кхеравелла Асхьад а витина, нахе вистхилира Батьянов:
– Шун нах бевдда хьуьнха бахана, боху. Тхох кхерабелла. Салтех кхера эшац хьаналчарна. Кхера безарш паччахьний, ӏедалний дуьхьалбевлла зуламхой бу. Амма царна а гечдийр ду, шаьш лелийначунна дохко а бевлла, ӏедална тӏебагӏахь. Ткъа шу ма кхера. Суна хезна, дуккха а адамаш хьуьнхахь къайладевлла бохуш. Царна йукъахь шун гергарниш а хир бу. Тӏаьхьа а довлий, цӏа балабе уьш. Нагахь вай аьлларг цара ца до-кх, тӏаьхьа дохкобевр бу уьш.
ХІетта схьакхаьчна, нийсса аьлча, Асхьадан геланчаша валийна Мӏаьчиг, дегаза ког боккхуш веана, тобанна йукъахь лекхо нах а къастийна, царна тӏехьа сецира. Амма шел веха стаг йуьртахь воцу МІаьчиг цхьа корта лекха вара массарел а. Полковнике а, эпсаршка а къайллах бӏаьрг тоьхна, шен дуткъа, деха хебаршка ихна лаг йакъайеллачу белшаш чу а оьзна, дӏатийра иза. Иштачу меттехь хьалхацагӏертар гӏоле хетара цунна.
Дикка мотт лебира полковнико, Мӏаьчиг цхьана а дашах ца кхеташ. Тӏаккха Асхьада гочдира цуьнан къамел. Хӏинца цхьамма цунна жоп луш къамел дан дезара. Мӏаьчига къайлах бӏаьрг туьйхира тобанна хьалха лаьттачу нехан вортанашка. Хортӏин стомма ворта хеббера. Товсолта-Хьаьжин букъ, ӏаддаргӏа санна, сеттинера.
Цхьана хӏуманна бехкалвахна Хортӏа йерстинчу вортанна тӏе хьацар а тоьхна лаьттара. Ша вистхила бӏо а ца боьлла, дехаре Товсолта-Хьаьже дӏахьаьжира иза.
Букъ а нисбина, йайн йовхарш туьйхира Товсолта-Хьаьжас. Тӏаккха, ӏаьрбийн маттахь масех дош далош, йуха иза нохчийн маттахь гочдеш, къамел долийра цо. Товсолта-Хьаьжас дийцинчух Мӏаьчиган коьрто схьалаьцнарг – паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Делан лаамца лелаш хилар, адам шен лакхарчунна муьтӏахь хила дезар а Дала массарна а тӏедожийна декхар хилар дара. Иза молланаша дуьйцу дукха хезнера МІаьчигна. Цунна шена а хуур дара и хьехам бан. Бакъду, цхьа ткъех шо хьалха, Мӏаьчиг жима стаг волчу хенахь, кхин дуьйцура молланаша. Бусалба паччахьашший, бусалба ӏедаллий бен Делера дац, царний бен бусалба стаг муьтӏахь хила ца веза, ткъа керстанна кӏел сецначу стеган дуьнене а, эхарте а даха дог дац