– Суна хетарехь, оцу совгӏатна хьалха йухавер вац цхьа а туземец. Тӏаьххьара а. Йаккхий тоьпаш йу ломах хьалайаха йезаш. Салташка а, туземни милицига а кхана хьаннашкара некъаш шордайта. Кхин дуй хаттарш? Дацахь, шайн отрядашна тӏе дӏагӏо.
Штурмана кечам беш йаккхий халонаш нисйелира отрядашна хьалха. Лома тӏе боьду ши некъ, готта хиларал сов, ӏовраша аьхкина, тӏекхозаделлачу диттийн гаьннаша тӏехула лохха тхов биллина бара. Оцу некъашкахула хьала йаккхий тоьпаш йахалур йу бохург хьехочохь а дацара. Дошлой а, гӏашлой а баха безара беха могӏа бина.
Дагаршца, белашца йахийтинчу командаша, шина а агӏор дитташ охьа а детташ, хершнаш дӏадукъуш, лакхабаллалц тобира некъ.
Дукъа тӏехь чӏагӏбеллачу гӏовттамхоша аттала топ кхоьссина а дуьхьало ца йора. Цунах пайда а эцна, куьйга текхош, хьалайехира йаккхий тоьпаш а, хӏоьънаш чохь йаьшканаш а. Дисинчу дакъоша дӏалецира ӏиси-Юьртан кӏело. Амма кхидӏа хьалхадахар бохург хьехочохь а дацара. Дукъа тӏе хьалавала аьтто болу массо маьӀиг дӏакъевлинера диттех йинчу чалхашца. Кхидӏа хьаладахча, гӏовттамхойн дӏаьндаргаш кӏел нислора. Мелла а шен отряд ӏалашйан ойла йолчу Батьяновс хьалхахийцира туземни милицин дакъош. Амма уьш доцца хиллачу тасадаларехь байъиний, чевнаш хиллий шайн нах а балош, йухабевлира.
Ткъа дукъа тӏера охьа цабешаш маьхьарий деттара гӏовттамхоша.
ТІаьххье хезара цӏеначу оьрсийн маттахь йаппарш.
– Попов ву иза, Елисей Иваныч, – вовшашка дуьйцура салташа. – Имаман хьалхара наиб ву, боху, иза.
– Декъаза Елисей! Ӏедалан каравоьдучул, тӏамехь валар гӏоли йу цунна.
– Схьалацахь, хьалха тӏенисвеллачу диттан гаьннах хьалауллур ву…
– Мухха хилахь а, турпала ӏожалла хир йу-кх цуьнан. Хӏара дуьне иштта къиза дуучул-м, цо санна, шен дог Іабор гӏоли йу дуккха а…
Селхана дуьйна шен ца хуьлучу кхиамашна оьгӏазъоьхура Батьянов. Шеко йацара, лома тӏе штурм йича, цо мятежникаш бохориг хиларан. Амма цуьнан отрядна а хир дара даккхий зенаш. Аттаниг, гӏовттамхой, мацалла гӏелбелла, кӏелбиссалц, гонна йуккъехь а латтийна, уьш шаьш тӏебахккалц ӏийча дара. Ткъа цунна масех де дезар ду. Иза а тарлац: мятежникел иттазза сов ницкъ болу хӏара тӏелата ца ваьхьаш ӏийча, йарташна хьалха сий лахлур дара хӏокхуьнан.