баьржаш, йоккха йукъ схьалаьцна, дитташ тӏехьа а лечкъаш, текхаш, тоьпаш а йетташ, хьалагӏоьртира. Амма вала тӏехьарчу гӏовттамхоша жимма а царах айъавелларг, тухий, дӏатевора.
– Хӏоъ эрна ма бахийталаш! – омра дира Къайсара, вийначу эпсаран метта хьалхаваьллачу прапорщикан дага тӏе ӏалашо а лоцуш.
– Дӏаэца, жӏаьлеш! – мохь тухура Михаила, ша тоьпан лаг масазза узу. – Шуна кхайкхийначу совгӏатан метта бу шуна!
– Къайсар! Аьтту агӏор хьажа, го таса гӏерта уьш!
– Иза-м хир дацара! Ӏумар, хьала ма ийъало, коьртах вер ву хьо.
Цхьана эха сохьтехь кхиамза тӏе а гӏиртина, йухабевлира тӏелетарш, шайн байъинарш а, чевнаш а хилларш эцна.
Сихха шайн тоьпаш а йуьзна, биргӏанаш дечигаш тӏе а йехкина, шайна хьалха хьуьна чу а богӏабелла, тийна севцира накъостий. Масех минот а йелира тӏелетарш йуха гучу ца бовлуш.
– Охьачубисси-те уьш? – элира Къайсара, хьаьж тӏера хьацар дӏа а доккхуш.
– Схьахетарехь, дукха доггах а бацара.
– Йуха тӏелатаза Іай, хаац.
– Тамаша бу латахь, вай зен дагахь хьовсийна хила а мега.
– Лаха чохь хӏун ду, ӏаьлбаг? – хаьттира Къайсара хӀетта тӏевеанчу имаме.
– Кечлуш бу тӏетаьӏӏина. Дерриг эскар Яьссех сехьадаьлла. Цхьа дакъа Іиси-Юьрта догӏу.
– Вайна гӏоьнна нах дукха баьхкиний?
– Бӏе алссам стаг. Берриг бохург санна – кегийрхой. Болата хьегна къа а эрна ца дайна. Шелара а веана ткъех жима стаг. Сийсара дукха ницкъ-м ца хилира шуна?
– ГІоьрдалаххьий? Хӏан-хӏа. Салташна йукъахь, шайн ворхӏе дайн баьрччехь санна, паргӏатбевлла ӏаш бара уьш. Царна гӏенах а ца гора оцу йуккъехула вай йуьрта гӏоьртур ду бохург. Пурстоьпан канцаллина го а бина, хехь лаьтта ши милцо аьрташха тоьхна охьа а виллина, таӏӏийна бага горгамаш йоьхкина, дӏавихкира оха. Хӏоъ-молха Чомакхан кертахь рагӏу кӏел хиллера. Цигахь лаьттачу милцойх цхьаъ вен а дийзира. Черманаш говрашна тӏе а дехкина, йуьртах девлча, йухаваханчу шимма Чомакхан канцаллех, цӏенойх цӏе тесира.
– Баркалла хьуна, Къайсар. Хӏинца-м хала дацара. Іиси-Юьртахула схьагӏертачу эскаро хӏун до хьажа воьду со. Кхузахь ледара ма хилалаш. Иэшахь, гӏо доуьйтур ду. Ӏумар, хьо соьца дӏавола. Тхуна йукъахь зӏе латто.
– Хьадахьа, Юсуп, ларлуш гӏой,