Барт болчийн кегийра гӏуллакхаш а чӏагӏло,
барт боцчийн даккхийниш а духу.
Гай Саллюстий Крисп
Къасталур доцуш чолхе хьал хӏоьттинера Нохчмахкахь. Тахана карзахе хилла йурт, кхана ӏедална муьтӏахь хуьлий, соцура, ткъа ша муьтӏахь йу бохуш, дуйнаш биънарг – гӏевттинчарал а карзахйолий карайора.
Хьаннаш, некъаш сийсадора герзаца дӏасалелачу адамаша. Паччахьан эскаран жима отряд дӏасайолийла хиъча, кӏело а йой, цунна цӏеххьана тохар дой, дӏасабаьржара нах. ТІаьхьайаьхначу таллархойн отрядашка а ца далора царна хӏумма а. Йуьхьанца уьш кӏелхьарбовлура, шаьш милцой ду олий. Ткъа хьайн отрядехь хӏунда вац хьо аьлла хаьттича, гергарниг цомгаш хилла йа велла аьлла хабар деана, цхьана-шина денна дӏавоьдуш ву олий, жоп лора. ТІаккха милцошна шатайпа билеташ делира командованис. Иза карахь доцург лаца аьлла, буьйр а дира. Амма тӏаккха а ца долура гӏуллакх цхьалха.
Милицин йа лаамхойн отрядаш, дай боцу жӏаьлеш санна, кхерстара Нохчмехкан хьаннашкахула. Кху тӏаьххьарчу хенахь командованис шайн лаамехь хецна йитинчу цара талораш дора йарташкахь а, некъашкахь а. Хӏор а лаьцначу йа вийначу гӏаттамхочун коьртан цӏарах командованис ткъе пхиъ сом ахча лора милцочунна.
Милицин отрядашкахь гӏуллакхдеш берш кху лаьмнех девлла даххаш дара, къинхетам а, сий а, оьздангалла а хӏун йу ца хууш. Цаьрца буьстича, хӏара салтий цӏена маликаш хетара. Милцошка боккха цабезам бара меттигерчу бахархойн-м хьовха, салтийн шайн а.
Нохчмахканий, Чӏебарланий йуккъехь аренгахула зӏе йоза гӏортар Шелана уллохь кхиамза чекхдаьлча, кхин некъ лаха дийзира ӏаьлбаган. И некъ Чӏебарлан малхбален дозанца Басса тӏерачу йарташкахула дӏа бара.
Ӏабдул-Хьаьжин а, махкатӏхойн йуьртден Тангӏайн а гӏоьнца цигара йарташ гӏовтто вахийтина Овхьад а, Болат а Тангӏайн хӏусамехь сецира. Йуккъерчу дегӏахь, шуьйра белшаш а, хьийзина ӏаьржа маж а, месала мекхаш а долуш, ӏаьржачу аматахь куьце стаг вара йуьртда. Кхача а биъна, хьеший паргӏатбевлча, гӏуллакх хаьттира цо.
Кондарш санна долу шен дуькъа цІоцкъамаш а дусийна, седарчий санна, богу ӏаьржа бӏаьргаш кхушинна тӏе а боьгӏна, леррина