полкан цхьаъ роташ а, Сунженски дошлойн полкан кхоъ сотня а, 20-чу артбригадан йоьалгӏа батарея а. Нагахь Мичка тӏера а, Нохчмахкара а йарташ гӏовттахь а аьлла, цига йохуьйтура Долговн а, Батьяновн а отрядаш.
Йерриг отрядаш цига ца йуьгуш Басса тӏера гӏуллакх машарца дерзаре догдохуш, оцу суьйранна шеца цхьа рота салтий а болуш Махкатӏе кхечира Авалов. Хьалххе хаам а бина, цо гулбайтина цигарчу йарташкара йуьртдай, ченаша а вуьзна хӏара чоьхьаваьлча, хьалагӏевттира. Маршалла хоттуш, массеран куьйгаш лаьцна, хьал-де а хаьттина, ша деанчу гӏуллакхна тӏевелира Авалов.
– Хӏун ду керла, наха хӏун боху?
Дуьзначу йуккъерчу дегӏара хоттанхойн йуьртда, дӏаса а хьаьжна, накъосташа дош ца аьлча, кӏедачу озехь вистхилира.
– Нах карзахбевлла, полконак! Дийца диканиг дац. Хьовр-зӏовр йу гобаьккхина. И ӏовдал адамаш, эладитанаш айъина, цӏахь а, кхаш тӏехь а болх ца беш, дуьйладелла лела.
– Ткъа шу хӏун деш ӏа? Йуьртдай а, тхьамданаш а? Тахана шун мера кӏел милицина дуьхьало йина махкатӏхоша. Тангӏай, ахь хӏунда ца совцийра нах?
Дуьхехь лохачу гӏанта лахвелла Іен Тангӏай меттахъхьайра.
– Хьерадаьлла адам соьга сацалур дац, эла. Ас сайн ницкъ кхочург дина. Наха ладогӏац соьга.
– Ткъа хӏунда летта махкатӏхой милицина тӏе? Цхьаъ вен а вуьйш, масех стагана чов а йеш? – аз айдира Аваловс.
– Берриг бехк оцу Іовдалчу чӏебарлошна хьалхаваьллачу Хьайбуллин бу. Цуьнан гӏуллакх дацара пӏерасканан дийнахь зуькарна гулбеллачу нахана йукъаэккха.
– Хьо варий цигахь?
– Со хиллехь-м, и дов хир ма дацара.
– Милцой, муьлхха салтий санна, паччахьан эскарехь гӏуллакх деш нах бу, – оьгӏазвахара Авалов. – Шун йуьрто, дуьхьало йина ца Іаш, зулам а дина царна. Иза даррехь бунт йу. Йуьрто жоп дала деза хӏинца, йа бехкениш схьало, йа, ас айса къастийна, нах дӏабуьгур бу шун.
– Бехке хьан милцой бу, – кхоьссира Тангӏайс. – Доцца аьлча, Іовдалчу, къизачу адамех вовшахтоьхна и гӏера. Эхь, гӏиллакх, къинхетам хӏун йу ца хуу къуй, талорхой! Тхан йарташ, девнна йуккъа ца гӏерташ, йуьстахлаьттина. Таханлерниг а хир дацара, и хьакхарчий кхуза ца нисйеллехь.
ХІетталц вист ца хуьлуш ладоьгӏуш Іийначу кӏайн йеха, шуьйра маж, дуькъа