цхьа чаккхарма йукъ йуьтуш, хьалха гӏашлойн шиъ рота а йахийтина, бӏе ткъе пхийтта йийсархо йуккъе а лаьцна, новкъа йелира кхоъ рота. Тӏаьхье къовла шина йоккхачу тоьпаца йитина ши рота, йуьртах цӏе а тесна, цӏенош дагадоллалц ӏийна, тӏаьхьакхиира. Гӏалгӏазкхийн а, милцойн а сотняш тӏаьхьасевцира даьхний лахка а, йалташ хӏаллакдан а.
Меллаша хьалха дӏабоьлху йийсархой, йуьртахь маьхьарий девлча, йухахьаьвсира. Йуьртана тӏехула дохк хӏоттош, гӏуьттура сийна кӏур, цхьаццанхьа хӏаваэ хьалаоьхура цкъа хьалха цӏеран суйнаш, тӏаккха дехий меттанаш. Дегнех чекхдуьйлура зударший, бераший хьоькху маьхьарий, жӏаьлийн угӏар, дохнан ӏехар. Божарша цергашца балдаш къуьйлура, цергаш хьекхайора. Амма дуьхьало йан ницкъ бацара. Хӏораннан а агӏон тӏей, букъа тӏей лецна ира цхьамзанаш дара. Хӏор а вара шен-шен ойлано дӏалаьцна. Цхьаберш дохкобуьйлура, сийссарехь герзаца йуьртах а бевлла, Іаьлбагах дӏа ца кхетарна, цхьаберш – ӏуьйранна салтий цӏа чу лилхича, царах летта цабаларна.
Бакъду, йийсархошна йукъахь дикка бара бехкебоцурш а.
Делкъана малх гӏушлакхе баьлча, ӏаьржа-Ахке кхечира отряд. Шайга, делкъан ламазаш а дойтуш, садаӏийта бохуш, хьалххе а карзахбевллачу нахана кхузахь оцу гӏуллакхна сахьт хан йелира. Сийсара набарш йанза салтий а бара садаӏа лууш.
Ӏин чохь, йийсархошна го бина, сецира ши рота. Ткъа цхьацца рота ӏинан шиний агӏорчу бердаш тӏехь дӏатарйелира. Салташа карара охьа ца йохкура тоьпаш. Баккъал, кхераме йара хӏара меттиг. Шина а агӏор тӏекхозабелла лекха тӏулган берд; готтачу некъа тӏе тхов тиллина къена, йуькъа хьун. Хина йистехь гулбелла нах ламазаш оьцуш бохкуш, тӏаьхьа тӏекхечира ворданаш тӏе хІонс йоьттина йогӏу важа ши рота а, даьхний лаьхкина богӏу гӏалгӏазкхий а, милцой а.
Лецначарна йукъахь лохха къамелаш дуьйладелира:
– Довда деза вай.
– Мича довду?
– Хьуьнха.
– Хӏокху кхолха гона йуккъерий?
– Пхьагалшна санна, тоьпаш йеттар йу!
– Дала хьеха! Сибрех воьдучул, кхузахь валар гӏоле ма ду.
– Цӏа дахкийта а мегий вай-м.
– Хийла Іер хьо!
– Хӏинца новкъа девлча, шиний агӏор хьаннашка лелха деза.
– Цхьадерш кӏелхьардовлар а йу гӏоли.
Болат, кӏез-кӏезиг воьдуш, Тангӏайна улло вахара.