хьаннашкахь къайлавелира.
Хӏара тасадалар хилча, кхераделла, хьуьна чохь дӏасадаьржира лаьхкина далош долу махкатӏхойн даьхний а.
Ах сахьт хьалха, курра корта а айъина, шен доттагІчуьнца Чомакхца забарш йеш вогӏуш хиллачу Аваловн йуьхь, цхьана йеххачу хенахь хоршин цамгарх ӏиллича санна, макхйеллера. Ах сахьт хьалха цуьнан догдохийла йара Басса тӏехь машаре хиларе. Хӏинца и дегайовхо тӏекӏелйаьллера бухера дуьйна…