мел дийцича а, цхьаьна ца догӏу вайн дегнаш а, ойланаш а. Со хӏетахь а шеквара. Сан шеко чӏагӏйира Берсас а. Вайна йуккъехь йаккхийра башхаллаш ма йу. Хьалха йа элий, йа Шемалан наибаш хилла нах бу Дегӏастанара дукхахболу тхьамданаш. Паччахьо шайна делла хьаькамаллаш кӏезиг хета царна. Шайн мохк оьрсийчух дӏакхетале, цигахь, шайн махкахь, кегий паччахьаш ма бара уьш. Шайн халкъашна тӏехь шайна луъург деш. Иза йухадеза царна. Хьан гӏуллакхаш а дац вон. Цхьа кӏант – Шемал – йуьртда, важа Дада – паччахьан эскаран эпсар ву. Шайн даьхний, бахам, гӏуллакхаш кӏезиг хеташ, кхин а йоккха кхалла гӏерта шу. Аьтто нислахь. Ца нислахь, таьӏна ӏен а тарло. Ткъа тхан ӏойла дац, ӏумма-Хьаьжа. Тхо миска нах ду. Оха сискал а, маршо а лоьху. Цундела вайн къамел цхьаьна ца догӏу.
Ӏаьлбаг хьалагӏатта тохавелира, амма ӏуммин буьрсачу хьажаро сацийра иза.
– Ахь хӏун до, кӏант?
– Дӏавоьду тхойша.
– ДІавоьду! – корта а хьовзош, велавелира ӏумма. – Суна тӏехь кхел йан ца веанера хьо?
– Иза халкъо а, вайн тӏаьхьенаша а йийр йу.
Ӏуммин сира, бӏоржамаш санна, луьста цӏоцкъамаш дусаделира.
– Хӏунда? ТІаьхьенашка дӏа ма тетта. Аш массара санна, дуй биъна ас а. Нагахь ас иза къарбинехь, таӏзар де. Хӏара сирбелла корта суна дош хета, моьтту шуна? Ӏовдалш!
Ӏаьлбаг маьнги йисте шершира.
– Хӏокху кхаа баттахь байъинчу нехан, байлахь дисинчу берийн, жоьра бисинчу зударийн бӏаьрхиш, церан къа хьуна тӏехь дуьсу, ӏумма-Хьаьжа. Дала дер хьуна хьукма.
– ӏаьлбаг, хьо сих ма лол, – маслаӏатна йукъавуьйлира Залмин Дада. – Вайн барт бохар халкъана зуламе дер ду. Ӏумма-Хьаьжа, хӏокху лаьмнашкахь-м хьовха, Нохчийчохь а, Дегӏастанахь а лоруш стаг ву. Галваьллехь а, нийса велахь а, цхьана дийне ладоьгӏуш ӏийна хӏара. Суна хетарехь, вижина а ца ӏийна. ХІинца а тӏаьхьа дац хӏара гӏатта. ТІаьххьара дош лол, ӏумма-Хьаьжа.
Маж дӏаса а теттина, гӏовталан логера ши-кхо вета дӏабаьккхира Іуммас. Шен кӏентийн хенарчу хӏокху шина жимачу стага доху бехкаш чӏогӏа дагах кхеттера цунна.
– Шуна хетачу хьесапехь бехке хила а тарло со, – элира цо къорра. – Дегӏастаний, Уьстамалий лерг диллина а ца ӏаш, хьуна улло хӏоьттина хила везара со даим а. Амма,