бакъахьа а хета суна. Бахархошна таӏзарна а, вайн отрядашна паргӏат дӏасалела аьттонна а хир. Цаьрга Шара-Органна тӏера дӏа Босойн лома тӏе кхаччалц йалх чаккхарма некъ баккхийта ойла а йу.
Александр Павловича резахилла корта теӏабора.
– Вон план йац иза-м, – элира цо дассаделла стака бошхепа а хӏоттош. – Вайна гӏуллакх дечу нахана мятежникаша дина зенаш бахархошка шайгга меттахӏиттадайта. Курбановн уьстагӏий а йарташка такхийта. Иза прапорщикан чине ваккха документаш а даийта соьга. Йуха а боху ас, йарташна таІзар чӏогӏа дан деза. Ӏаьлбаган цӏе йоккху хезча а, бовдучу баха. Ӏаьлбаг йуха Чӏебарла ца ваийта, Нохчмехкан доза а къовла. Цига Іаьндойн милици йахийта ала Накашидзега. Ма-хуьллу церан а, дегӏастанхойн а йукъаметтигаш талхайе. Кхин хӏун ду?
– Мӏаьргонна вицлора-кх со, – хьаьж тӏе куьг туьйхира Лохвицкийс. – Селхана Іуммин ши кӏант веанера со волчу. Хьан свитехь хилла Дада Умаев а, Зумсойн йуьртда Шамиль Умаев а. Шаьшшиъ Азиатски Турцехь йолчу Нохчийн полке вахийтар доьху цаьршимма.
– Хӏунда?
– Да мятежникех а кхетта, кхузахь ӏедалан шайх тешам цахиларна кхоьру и шиъ.
– Ахь хӏун аьлла?
– Хьан локхаллех дага а ваьлла, жоп лур ду, элира ас-м.
– Хьуна хӏун хета?
– И шиъ кхузахь сецо оьшурий-те аьлла хета суна-м. Къаьсттина – Дада.
Александр Павловича, гӏентан гӏовли тӏе аркъал а сеттина, ши куьг стоьла тӏе а диллина, тӏе чоьш дийлинчу стаммийчу пӀелгашца йайн вота хьайира.
– Мичахь ву Умаев?
– Кхузахь, гӏопехь ву иза-м.
– Схьакхайкхийтал.
Лохвицкий араваьлча, хьала а гӏеттина, цкъа-шозза пхьаьрсаш дӏаса а тоьхна, букъ саттийна, дегӏ метта а далийна, коре вахара Свистунов. Кора кӏел тӏетаьӏӏина пхьаж кегош йоллура ӏаьржа котам. ГІопан пена тӏе хӏоттийна гора дукха хенахь дуьйна кхоссаза шира мортира. Дуьххьал – ломаца дӏасакхоьссина ӏуьллу масех йурт. Царна тӏехула лаьтта масех шира бІов.
Эткаш цӏийзош, чувелира Лохвицкий. Дукха хан йалале, чоьхьаваьлла, неӏарехь сецира йуккъерчу дегӏара шуьйра белшаш, йуткъа гӏодайукъ, безамехь йуьхь-марш йолу жима стаг.
– Хьан локхаллин омрица прапорщик Умаев! – вула а луш, гиччош улло куьг лецира цо.
– Паргӏат хила, – хьаьжайукъ хабийна, куьг тесира Свистуновс.