деллера, аренан белхаш чубирзича сихха Теркан а, Соьлжан а станицашкарчу гӏалгӏазкхех кхоалгӏачу комплектан полкаш вовшахтоха аьлла.
Эристовх дага а ваьлла, Йоккхачу Нохчийчоьнан йерриг йарташ, кхоккха йурт йукъа а йалош, дакъошка йийкъира командующис. Оцу йарташка эло Эристовс дӏахаийтира, кхаа йуьртах цхьанхьара цхьа стаг гӏовттамхойх дӏакхетахь йа цхьана йуьрто шен махка тӏе гӏовттамхой бовлийтахь а, йарташ йохор йу, тхьамданаш, лецна, Сибрех а бохуьйтур бу аьлла.
Эристовна тӏе цхьамогӏа декхарш а дехкина, Владикавказе йухавирзира Свистунов. Анатолехь оьрсийн эскарийн хуьлучу эшамаший, Теркан областан дисинчу эскарийн дакъошкахь гучудуьйлучу низам талхораший шен меттахь хила дезийтира цуьнан. Тӏе, Нохчийчохь хӏоьттинчу керлачу хьоло иза тешийра хӏинццалцлерчу тактикаций, стратегиций гӏаттамца дерг кестта чекхдаккхалург цахиларх. Теркан областан эскарш а, кхуза йаийтина Ламанан Дегӏастанан отряд а цхьаьна а тоьхна, царна тӏехь куьйгалла дан ша стаг везара. Хьалха цо кхуза ваийтина инарла Виберг ларор вацара оцу декхаршца.
Виберг ша ледара инарла вацара. Амма кхузахь эскарехь а, эпсаршна йукъахь а лоруш волу кхузарчу халкъан амалш, гӏиллакхаш девза куьйгалхо оьшура. Оцу лехамашца вогӏуш Свистуновн гӏоьнча волу инарла-майор Алексей Михайлович Смекалов вара.
Ӏаьлбагца цхьаьнакхетарш хиллачу шолгӏачу дийнахь ӏаьндарчу бартахошка ша йаздинчу кехаташца шен вешин кӏант Иба цига а хьажийна, шен доьзал а, масех стаг а эцна, Чӏебарлойн лаьмнашка вахара ӏумма.
Цхьа кӏира далале ши бӏе сов стаг гулвелира Іуммин отряде. Царах нийсса ах ӏуммин кхайкхамца орцах баьхкина Іаьндой бара. Волалушшехь цо атта йохийра Лохвицкийс Чӏебарла хьажийна Тенгински полкан ши рота а, 2-чу участкан приставан поручикан Сервиановн милицин команда а.
Ӏуммин аьтто хилира Чӏаьнти-Органна тӏехула долу тӏай дӏалаца. Цигахь кӏеззиг ха а дитина, хӏара мулкъойн йарташка охьаваьлча, шен отрядца кхунна тӏаьххье кхуза сихвелира Лохвицкий. Ша йохийна капитанан Кусовн отряд йуьстах а тесна воьду ӏумма, Шара-Органна чувуссуш, цӏеххьана Лохвицкийна тӏеӏоттавелира. ХІокхеран вовшашца