дӏаваха. Доцца аьлча, дерриг дӏадаьлла.
Цул тӏаьхьа шо гергга зама тийна, чувоьлла йаьккхира дас. Кхайкхича, Шуьйтан гӏопе полковникна тӏе а воьдура. Цигахь а, нахана йукъахь а ша ӏедална муьтӏахь ву а моттуьйтура. Цуьнан йуьхьа тӏей, хьекъалечу бӏаьргаш чуй хьежарх, ца хаалора даг чохь хьийза кӏуркӏамани. И санна, къарвелла, ӏедална муьтӏахь хилла сецна кеп хӏоттийна ӏачу Атин Атабис а, хӏокхо а, сих-сиха къайлах цхьаьнакхетий, вовшашка хӏун дуьйцу ца хаьара цхьанне а. Ца хаьара оцу ткъа шарахь тӏамехь вахчавеллачу майрачу шина наибан Нохчмахкахула дӏасадаьржина гуш доцу пхенаш хилар а. Цигахь а бара хӏокху шиннан къайлах бартахой – бенойн Бойсагӏар а, Солтмурд а.
ТІаккха, шолгӏачу бӏаьстенан йуьххьехь, гӏаттам болабелира Нохчмахкахь а, Чӏебарлахь а. ТІаьхьа воккхахилча, хиира Дадина адам хӏунда гӏеттина. Гуьйранна хьаьшна дӏабаьккхира хӏетахьлера гӏаттам. Іумма а, Атаби а цхьаъ вукхунна тӏаьххье тӏевахара областан начальникна. Ша тӏевахале, цкъа хьалха шен доьзал Гуьржех дӏахьажийра дас. Доьзална таІзар ца дан областан начальника дош делчий бен, ца дийцира цо иза болу меттиг.
Да ссылке хьажийра. Амма ша делла дош дохийра инарло Евдокимовс. Лехна, ӏуммин доьзал Шуьйта а балабайтина, доьзалера уггар жимаха кӏант, ворхӏ шо хенара Дада, амалтана цкъа Владикавказе, тӏаккха Тифлисе дӏавигира.
Дада кхетара цхьадолчех. ХІокху керлачу ӏедало лам чу ӏазап деана хиларх а. Шен дай, ӏедаллий цкъа а вовшашца машар хир боцу ши мостагӏ хиларх а. Да эшарх а, ӏедал толарх а. Шен дена тӏехь ӏедало таІзардарх а, иза шайна кестта гур воцчу агӏор Сибрех цӏе йолчу цхьана гена пана махка вахийтарх а. Іедало, берриг бахам дӏа а баьккхина, шайн доьзал чӏанабаккхарх а, цуьнан шайх тешам цахиларх а. Жима ша, цхьана гӏуданна махках а ваьккхина, вуьгуш хиларх а.
Тифлисехь цкъа школехь дийшира цо, тӏаккха Россе тӏеман училище хьажийра иза. Цигара чекхваьлча, прапорщикан чин а делира цунна. Владикавказе эскарехь гӏуллакх дан а вахийтира.
Хено кӏез-кӏезиг йерзийра беран хенахь цуьнан жимачу дагна хилла чевнаш. Шарахь цкъа отпускна лам чу веача, шайн доьзалан гӏуллакхаш кӏез-кӏезиг меттадогӏуш а гора.