Шийтта шо кхаьчна кӏант, йоӏ санна, воьлхуш… Хьох стаг маца хила воллу?
– Ца вилхина, ас хӏун дийр ду? – мохь белира кӏентан. – Хьо а, Шама а ӏедална гӏуллакх дан вахчахьана, со-м бераша кетӏа вала а ца вуьтурий… Шуьшиъ тӏехветташ… Мостагӏийн йалхой ду бохуш… ТІаккха Ами ӏедална дуьхьалваьлча а, шуьшиъ тӏехветтара… Хьан да а, ден ваша а шайн да вен гӏерташ ву бохуш…
– Охашимма цхьанне а зулам ца дина, Мовсар. – Кӏентан дог тедан гӏоьртира Дада. – Дуьххьалдӏа хьо кхетац. Тхойшинна а ма кӏордийнера дуьнен тӏе ваьлчахьана къиза дуьне даа. Ами лаьцча, хӏара дуьне гатдинера тхуна. Цхьана агӏор – ӏедал, вукху агӏор – Амин шира мостагӏий. Ӏедална гӏуллакх дича мукъане а садаӏа дуьтур дацара-те аьлла, хийтира. Ткъа тхойша хилла ма ца ӏара оцу новкъа ваьлларг. Тхойша-м гӏаддайна ваьллера. Ткъа нах шайн лаамехь бу ӏедална бецаш. Цхьаъ йуьртда ца хӏоьттича волурий? Шемал ца хӏоьттинехь, кхин хӏуттур вара.
Хӏара шиъ къамел деш лаьтташехь, говрахь хил сехьавелира Шемал. Кхузахь лаьтташ жимахволу ваша гича, цецвелира иза. Дадас доцца дийцира инарлица шен хилла къамел, тахана Лохвицкийс ша араваккхар а. Ден санна, шуьйра йуьхь, лекха хьаж, йуькъа, хьаьрса маж йолу зоьрталчу дегӏара Шемал, веше ла а доьгӏна, цхьана ханна дӏатийра.
– Дӏагӏо, Дада, – элира цо, шен шуьйра накха совсош, доккха са а даьккхина. – Хьайна ца карийна аьр ахь. Вайша бохург дийр ма дац цо.
– Ахь хӏун до ткъа?
– Со деца ца ӏийча валац. Да – да ма ву.
– Ткъа со?
– Хьо жима ву. Ахь доггах гӏуллакхдахь, инарло къинхетам бан а мега.
– Дений, вешиний дуьхьал лета вохуьйту ахь со?
– Тхойша воцчохь, кхечахьа летар хьо. ДІагӏо, Дада. Ша декъаза баьлла кхаж бу вайшиннен, дуьнен чу ваьлчахьана. Хӏара кӏант ас Гуьржех вуьгур ву. Вайн хьеший болчу. Хьо маьрша висахь, мацца а цкъа хӏара цӏа валор ахь.
– Со-м гӏур вац! – эккхийтира Мовсара.
Урх хьайина, говран чоже кӏажаш таӏийра Шемала. Къаьрззина Дадега а хьаьжна, сихдина бӏаьрнегӏарш тоьхна, халла хаалуш балда а озийна, дена тӏаьхьа говр йерзийра Мовсара а.
Паргӏатчу боларахь и шиъ лома хьалаволавелча, цхьана масех минотехь цаьршинна тӏаьхьахьоьжуш а лаьттина, корта хьовзош, лохха ша-шега вист а хилла, сацамболлуш