дукха вехар вацара, йаздора Атабис, къеначу шена атта дац доьзалх а, даймахках а ваьлла, цабевзачу махкахь кхечу къома йуккъехь хан йаккха. Чевнаш а ца йирзина шен, уьш дено-дено кӏаргло. Кхузарчу къоме бийца церан мотт а хаац. Доцца аьлча, шен ӏожалла гена йац, ша вала герга ву. Даймахка верзавар а ца доьху ша. Амма, ӏожаллина охьавижча, шеца цхьана динехь болчу нахана йукъахь хила лаьара шена, нагахь тарлахь, бусалба нах бехачу вахийтахьара ахь ша бохуш, йаздора цо.
Йаздина кехат Петербурге дӏакхачо стаг нисваларе хьоьжуш Атаби ӏаш, цуьнан ирсана, иза волчу веара Малхбалехьара схьа столице воьду штабс-капитан Рылеев. Иза цецвелира воккхачу стагерчу ирчачу хьолах. Эпсар доглозуш гонахъхьаьвзича, Атабис хала а, атта а кхетийра иза шена луучух. Шен кехат паччахьна тӏедахьар а дийхира.
Ша Петербурге кхаьчча, дерриг а дитина, Атабин гӏуллакх нисдан гӏоьртира Рылеев. Шен цӏарах паччахье дехар йаздира цо, Атабин хьал дуьйцуш.
Дукха хан йалале Петербурге дӏавигира Атаби. Инарлина Милютинна хаьара Атаби Шемалан гӏарабевллачу наибех цхьаъ хилар а, хезнера, ӏилманций, ӏаьрбин мотт хаарций иза шел лакхахь хиларна, имам цунах озалуш вара бохуш. Цуьнан хаарш таллар тӏедиллира цо Петербурган университетехь малхбален меттанаш хьоьхучу арабистна-гӏезалочунна. Цо чІагӏдира, шена бевзачу молланашна йукъахь Атаби лакхара ӏилма долуш, ӏаьрбийн мотт дика хууш стаг ву аьлла. Тӏаьххьара а йаздора цо, империна чуьрачу бусалба нахана лерина Атабин куьйгаллица цхьа газета арахеца долийча, ӏедална пайдехь хир дара аьлла.
Амма и газета ара ца делира. Петербургехь цхьана придворни вельможин хӏусамашкахь бутт баьккхира Атабис. Александр ІІ-чо цкъа-шозза, тӏекхайкхина, къамел а дира цуьнца. Атабин дехар кхочушдеш, гӏезалой бехачу Касымовке вахийтира иза паччахьо[20]. Эххар а даймахка цӏа ваийтина иза, дукха ца вехаш, кхелхира.
Ӏуммас дуьйцура ша леллачу мехкашкара йаккхийчу шахьарех, адамех, цӏерпоштах, хӏордан кеманех, тайп-тайпанчу къаьмнийн гӏиллакхех, амалех.
– Амма массанхьачул а дика цӏахь ду, – чекхдаьккхира ӏуммас шен къамел. – къен делахь а, миска делахь а, цӏахь тоьлу. Дисинчу