боллу аьтто бара цуьнан ирсана тӏе некъ баккха. Дадичул а тӏех. Хӏетте а, шен лаамехь гӏаттамна йукъавахана. Шен лаамехь шен коча муш хьарчийна-кх…
Хьеха тӏе богӏучу некъаца, йукъ-йукъа шишша стаг хӏоттош, кхаанхьа ха дара. Кхуза вогӏург кхаанхьа теллина чекхвала везара. Хӏор а хан шатайпа ишар йара, цхьанхьа галваьлларг мостагӏ вуйла хуийла долуш.
ТІаьххьара ха долчохь шен накъостца буьйса йаьккхира Ишин Бугӏас, цхьа а тайпа кхерам ца хаалуш. Роггӏана набарна охьа а вуьжура и шиъ. Сатоссучу хенахь, гӏеттина, шен накъост вижа а витина, дӏахьаьжча гӏаш некъ берриг гучу тарха тӏе а хиъна, улло топ а йиллина, кетарх хьаьрчира Бугӏа. ТІуьна а, шийла а йара гуьйре. Кхузахь йохлуш йац малх лакхабаллалц. Тховса ха дича, шина буьйсанна мукъа ву иза. Кхузахь деш хӏума дацарна йахло хан. Ойланаш йеш хан йацйан а гӏерта Бугӏа. Дага ца лоьцуш хӏун дуьсу? Йурт, доьзал, гергарниш, йуьртахой. Йурт-м йагийнера цуьнан, ткъа йуьртахой мичахь бу хаац-кх. Цхьаберш, салтий дӏабахча, йуха а баьхкина, дерзина пенаш а къевлина, чубирзина. Гуттар а шаьш бехке хетарш хӏокху лаьмнашкахь левчкъина. Цхьадика, Бугӏин шен доьзал бац, ткъа да-нана а, хӏокхул кегийра бераш а хьалххе арен тӏера цхьана йуьрта гергарниш болчу бахана.
Шен бералла а дагалийцира Бугӏас. ТІаккха, цхьацца де йа шераш хоьрцуш, къоналлина тӏе а веара. Шен йезарца ша ӏийна синкъерамаш, ловзарш карла а дехира. Гила борз санна, хӏокху лаьмнашца хӏара болар идийна вер вуй-те ша аьлла, ойла а йира. Дена неӏалт хиларг, церан йуьртда Базо ма ву хӏокхунна бехке! Бугӏа тӏехьийза Азни ма йигнера цо шен кӏантана, йоьӏан бертаза, нуьцкъах. Кӏанта йадийнера, ткъа йоьӏан вежарий а, Бугӏа а бекхам эца гӏоьртича, Базос ӏедале даьккхира. Пурстоьпо, милцой а бахкийтина, лаьцна вигна, Шуьйта-гӏопехь масех буьйса йаккхийтира Бугӏе. Хӏара цӏа хоьцург, дов ца кӏамдира дас, тӏаьххьара йетт а боьхкина, ахча делира йуьртдена. Цунах ах йуьртден кисанахь дисира. Кхерайелла сецира Азни а. Вежарий а йухабевлира. Машарна йукъабевллачу нахах бахьана а дина. Йуьхьанца дуьйна а цара лелориг доггах ца хийтира Бугӏина. Уьш бехказлонаш йуйла хиира тӏаьхьа. Бугӏа хӏумма а вац.