арайелира. Хьехан бертехь ӏуьллучу боккхачу тӏулга тӏехьа бертал а йижина, шад а баьстина, топ йузу чӏу улло охьа а биллина, хьалха вогӏучу эпсарна хье йуккъе ниша[21] а нисдина, сих ца луш, лаг уьйзира цо. Лаьмнашкахь, кхолхадуьйлуш, тата делира. КІур бекъабелча, месала куй ца гира Мархина. Барамца дуьстина молха тоьпан биргӏи чу а дассийна, тӏаьхьа дошан хӏоъ бахийтина, хьакхарца хьанйина бехчалг чу а таІийна, цкъа-шозза чІу а тоьхна, топ йуьйлира цо. Хӏинца цунна шера къаьстара салтийн йаххьаш. Лаба йоцу кӏайн фуражкаш, белшаш тӏехь цӏен погонаш, некха тӏехь морзахдохуш тийсина доьхкарш а, цец-къиза йаххьаш а. Шайна некъ буьйцург воьжча, тӏулгашна тӏехьа лечкъаш, текхаш, кхийсалуш, хьалхахьа богӏура уьш. Хӏинца Мархас ӏалашоне лецира хьалха текхаш вогӏу эпсар. Йуха а лаьмнашца кхерстира тоьпан тата. Ша волччохь йуьхьарвахана, дӏатийра эпсар. Салтий гергакхочуш лаьттара. Марха топ йуза сихйелира. Цхьа а хӏоъ эрна ца бахийта гӏерташ, леррина тоьпан лаг уьйзура цо. «Йалх… ворхІ…», – багарбора цо ша байъина мостагӏий. Хӏинца салтий гуттар а гергахь бара. Цара доьӏу синош а хезара Мархина. ТІаьххьара а хӏоъ борхӏалгӏачунна а тоьхна, кӏур туьйсу топ буйна а къевлина, дегІ ма-дду нислуш, курра ирахӏоьттира Марха.
Эпсар хьалха а волуш Мархина тӏех а лилхина, хьеха чу хьежош, тоьпаш йетташ, пенашна тӏетеӏаш, чубахара салтий. Амма, цу чохь цхьа а ца карийна, аралилхира уьш.
Ши бӏаьрг а цӏийбелла тӏевеанчу эпсаро, бетах шеташ а туьйсуш, мохь хьаькхира:
– Мича дахана и жӏаьлеш?
Марха, йист ца хуьлуш, цабезамца йела а къежаш, лекхачу берда йисте кӏегаръоьхура.
– Схьалаца иза! – салташка омра дира эпсаро.
Салтий тӏехьаьлхира. Амма Мархас церан куьг шена тӏе ца кхачийтира. Шен топ а буйнахь йуьхьар кхоссайелла, лекхачу бердах чутилира иза…
Тӏерга-Дукъахь говр а сацийна, оцу лакхенгара дӏаса лаьмнашка бӏаьрг а кхерстош, ойланийн кӏоргене вахара ӏаьлбаг.
Хӏара беркате ӏалам ду-кх нах мецачу ӏожаллех кӏелхьарбохург. Мацаллех-м хьовха, мостагӏех а. ХІокху хьаннаша, аьрцнаша церан аьтто бира бӏешерийн дохалла дуьненахь нуьцкъалчарна а йукъахь нуьцкъалчу паччахьна, цуьнан къизачу