Ӏедало дийнатийн хьелашка хӏиттийначу
адамашна ши некъ буьсу – йа ӏедална дуьхьал
гӏовттар, йа, баккъал а, дийнаташка дерзар.
Ф. Энгельс
Шена тӏедехкинчу декхаршца ца ларийначу Виберган метта гӏаттамца дерг йоццачу хенахь чекхдаккхийта, йерриг бакъонаш кара а йелла, Нохчийчу хьажийна областан начальникан гӏоьнча инарла-майор Алексей Михайлович Смекалов бархӏалгӏачу августехь Ведана кхечира.
Кхузахь Аваловнний, Накашидзенний йукъаметтигаш чӏогӏа гӏоьртина карийра цунна. Цаьршиннан галморзахаллийн бахьана дара сийсара Гӏамар-Дукъахь хилла гӏуллакх.
Гумсаца хьала а веана, Веданан-гӏопана ши чаккхарма генахь Гӏамар-Дукъахь чІагӏвеллачу Сулимана, Іаьлбаган коьрта ницкъаш тӏекхаччалц, Ведана-гӏап а, Дишни-Ведана а, кхузахь дӏасадекъало некъаш а кхерамна кӏел хӏиттийра.
Веданан отрядан начальникца Аваловца цхьабартбар а, йа цхьа а тайпа операцин план а йоцуш, Накашидзес цӏеххьана даьккхинчу орцанца шен эскар сихонца Гӏамар-Дукъа теттира. Схьахетарехь, цигахь баьккхина толам, цхьаьнцце а ца боькъуш, шенна бита ойла йара цуьнан.
ГІовттамхойн позицина йуккъе тохар дан апшеронцийн ши ротий, ламанан йоккха топ а йахийтира Накашидзес. Аьтту фланге Іаьндойн дошлой а хьовсийна, йисина йерриг дегӏастанхойн милици аьрру агӏорхьа готаса хьажийра, гӏовттамхошна йухабовла цхьаъ бен боцу некъ къовла. Апшеронский полкан ши ротий, йоккха топпий резервехь йитира…
Амма Гӏамар-Дукъахь кӏеззигчу бӏаьхошца чӏагӏвеллачу Сулимана, мостагӏ шел иттаза алсам воллушехь, масех сахьтехь хиллачу тӏамехь дуккха а дараш деш, иза йухаваьккхира. Толамах догдиллина Накашидзе шен резервца цхьаьна йухаволуш, гӏовттамхойн букъа тӏехьа йаккхий тоьпаш йевлира. Накашидзен гӏуллакхаш доьхначу хьолехь дуйла хиъначу Аваловс сихонца цига хьажийна куринцийн ши рота йара гӏовттамхошна букъа тӏехьахула тӏелеттарг. Церан гӏоьнца дийнахь кхо сахьт долуш лам дӏалаца аьтто хилира Накашидзен.