схьалилхинчу ӏаьлбаган дошлоша ткъесах тохар дира царна. Амма берданкашца кечбелла гӏалгӏазкхий кхиийра, кхузахь дуьхьал каде тохар а дина, йуханехьа бердах чутила. Иттех минотехь хиллачу тасадаларехь шиний агӏор масех стаг вийра.
Ӏаьлбаг йуьрта сихвелира. Дерриг галдаьккхинера цунна шегара гӏо мичахь чӏогӏаха оьшу цахааро. Ткъа тӏом массанхьахь а хьерабаьлла кхехкара. Йуьртахь а, эвла йистерчу кешнашкахь а. Ахкан аьтту агӏорарчу хьуьнхахь а. Гӏамар-Дукъ а тарделлера вулканах. Ткъа ӏаьлбагца верг пхи бӏе стаг а вацара. Хӏуъу хилахь а, йуьрта хаьхкира цо. Цигахь къена нах, зударий, бераш дара.
Гуттар а гӏелбеллачу дишнойн дог-ойла гӏаттийра цӏеххьана кхаьчначу орцано. Массо цӏа а гӏопе дерзийна, майра дуьхьало йора гӏовттамхоша. Амма, хьалх-хьалха йаккхий тоьпаш йетташ, цІенош отуш, низамехь хьалхатеӏара салтий.
Гӏамар-Дукъа йухадовла аьлла, омра дира Іаьлбага. Амма, кӏез-кӏезиг хьалхатоьттуш, тӏейеттачу йаккхийчу тоьпаша гатте хьовзийра гӏовттамхой. Ах нах хил дехьабевлча, бисинчийн некъ хадийра мостагІчун эскаро. Хьалха салтий, тӏаьхьайогӏуш дегӏастанхойн милици а гина, цӏеххьана аьрру агӏор дӏа а вирзина, берда тӏерачу кешнашкахь чӏагӏвелира ӏаьлбаг. Кхузахь дерг чекхдаьлла моьттуш, кхаш тӏера йалташ, докъарш даго дагахь паргӏат йогӏу дегӏастанхойн милици дошан дорца кӏел нисйелира. Йуьхьанца боьхна хьаьвзина милцой, цхьа масех минот йаьлча, метта а баьхкина, гӏоргӏа маьхьарий а хьоькхуш, кешнашна тӏехьаьлхира, амма гӏовттамхоша, ах бӏе гергга стаг тӏеман арахь воьжна а вуьтуьйтуш, йухабехира уьш.
Шолгӏа тӏелатар а йухатоьхча, милицина гӏоьнна йеара Гӏамар-Дукъа боьду некъ лаьцна лаьтта отряд а, йаккхийчу тоьпийн взвод а. Шиний агӏор тӏетеӏачу мостагІчунна йукъахь бисина, тӏе йаккхийчу тоьпаша а гатбина гӏовттамхой, салтийн го а хадийна, Хорачахьа йухабевлира.
Гобаьккхина йухабуьйлучу гӏовттамхошна тӏаьхьа эскарш хьовсо ца ваьхьира Смекалов. Царна тӏаьхьа таллар-м хьеха а ца дора цо, кхузахь толам шайгахь бисичхьана. Командующис шена тӏе ма-диллара, дӏалаьцна хӏор а гӏулч латта тӏаьхьало йолуш шена тӏечІагӏдан дезара цуьнан. Цундела цо