шиъ батальон а, йиъ сотня дошлой а лур бу хьуна хӏокху шина-кхаа дийнахь. Иштта ницкъ дено-дено тӏекхетар бу хьуна. Ткъа ахь, мало ца йеш, хьайна хьалха нисбеллачарна къинхетамза йетта, хьекха, ирхъохка.
Эла Накашидзес доккха гӏо дийр дара хьуна, цигахь висча. Жимма а таро йелахь, виса алий, дехар де. Нагахь иза шен отрядца дӏагӏахь, хьайна гӏо кхаччалц, Эртан-Коьрта йа кхин а дехьа йухавала.
Инарла-адъютант Свистунов.
Владикавказ. 15 август 1877 шо. № 220»
«Хӏаъ, чӏогӏа толуш ду гӏуллакхаш! – кехат деалха а тоьхна, йуха конверта чу таӏийра Смекаловс. – Гонаха гуллучу мятежникийн ардангаша и ца боху».