сатоха, ӏумар, – кӏентан коьртах куьг хьаькхира Къайсара. – Масех дийнахь йоьрзур йолуш чов йу хилларг.
– Мишка вига мегий ас сайца? – дийхира Янаркъас.
– Дукха дика хир ду.
Хьуьна чохь баьржина шен жима бӏо тӏе а гулбина, ӏаьлбаг Бенахьа новкъа вала кхиале, Кхеташ-Коьртехь тӏом кхехка белира.
– Хӏун хуьлуш ду-те цигахь? – дӏахьаьжира ӏаьлбаг. – Шайна дукха зен ца деш, йуха мукъане а бовлахьара. Къайсар, цхьаъ вахийтахьа цига, Бенахьа йухадовла алий.
…ӏаьлбагца дерг чекхдаьлча, Накашидзен отряд Кхеташ-Коьртехь чӏагӏвеллачу Солтамурдний, Сулиманний, Раджаб-ӏелиний тӏейерзийра Смекаловс. Дуьххьара апшеронцаша йина штурм йухатуьйхира хьалха лаьттачу салатавхоша. Амма Раджаб-ӏелина шен кхиам хилла моьттучу хенахь, царна дагахь доцчу агӏор «вурро» хезира. Уьш гӏалгӏайн лаамхой бара, гӏашбевлла, аьрру флангехула тӏелетта. Шиний агӏор тӏелетачу мостагІчо а, тӏехула тӏейеттачу йаккхийчу тоьпаша а гатбина гӏовттамхой аьтту флангехьа йухабовла гӏоьртира. Амма цигахь а уьш тІеӏиттабелира Смекаловс тӏаьхьа тӏейаийтинчу куринцийн батальонна.
Шайн кӏезиг ницкъ кхаа декъе а бекъна, декъий а, чевнаш хилларш а кӏелхьарбаххалц, цхьана сохьтехь дуьхьало а йина, Яьсси чу йухабевлира гӏовттамхой.
Смекалов резавара шен гӏуллакхан доладаларна. Дуьззинчу кӏиранах мятежникашца хилла массо а тӏом толамца чекхбаьллера. Хӏара кӏира ша башха ма дара. Хьалха йохийнарш мятежникийн къаьст-къаьстина кегийра гӏеранаш хиллехь, хӏокху тӏамехь цо бохийнера шайн берриг ницкъашца шена дуьхьалбевлла мятежникийн коьрта куьйгалхой – ӏаьлбаг, Раджаб-ӏела, Солтмурд, Сулиман, Тангӏай, Къосам. Хӏинца Смекаловс, ирсе воьлуш, тӏеоьцура отрядийн начальникаш а, тӏамехь хьуьнарш гайтина эпсарш а.
– Хьан сийлалла, Александр Давидович! Къонахалла гайти хьан ламанхоша. Ткъа ахь, эла Шервашидзе, вайн артиллерига дика а, говза а болх байтира. Баркалла шуна! Семен Иванович, хьан разведко а доккха гӏо дина вайн толамна. Поручик Эриванцев, ас декъалво хьо хьайн майрачу гӏалгӏашца! Массара а дина дика гӏуллакх. Ас тахханехь хаам бийр бу Александр Павловиче. Вай иштта гӏуллакх дахь, цхьа кӏира далале