санна, паччахьо а, шайн элаша а хьийзо кху шина хІорда йуккъехь ламанца деха дерриг къаьмнаш а. Йалх шарахь лийтира иза паччахьан эскарех. Вайн махкахь вохийча, Гӏебарта воьдуш, цигахь вохийча, чергазийн махка воьдуш, цигахь аьтто боьхча, хьаьвззий йухавогӏуш. Эдагийн[3] махкахь паччахьан инарло, лаьцна, Россех вигна, цигахь тӏепаза вайна иза.
Іаьлбаган шовкъе аз, цӏеххьана дегийна, лагӏделла сецира. Цуьнга ладоьгӏуш хӏинццалц сецна ӏийча санна, бӏара тӏерачу хенакӏуьро шен болх йуха а дӏаболийра. Хӏоьттинчу тийналлехь хезара цо сихдинчу зӏакаран «тӏак-тӏак, тӏак-тӏак, тӏак-тӏак» боху татанаш. Чучча когаш боьхкина хевшина ӏийна настарш лацайеллачу кегийчу бераша къайллах когаш дӏахоьцура.
– Хатта мегий, молла? – меттахъхьайра хьалха хиъна Іен Марван. – Ахь элира, Шайх Мансур йа шайх, йа молла а ца хилла. Цунах баьчча муха хиллера ткъа?
– Къонах хила моллалла а, йа шайхалла а ца оьшу, Марван, – велакъежира ӏаьлбаг. – Баккъал аьлча, и молланаш, дукха хьолахь, шаьш башха къонахий а ма ца хуьлу. Мансур ӏаламат майра, хьекъале, куьце стаг хилла бохуш, дуьйцу. Ткъа майра а, оьзда а, къонах а мила хуьлу? Шен мохк, шен халкъ, церан маршо йезарг, церан дуьхьа шен са дӏадала кийча верг. Мансурна дезара хӏара лаьмнаш а, вайн халкъ а, маршо а. Церан дуьхьа къийсина цо, церан дуьхьа ӏожалла тӏеэцна цо. Ишттаниг цхьаъ ваьлла ца ӏа вайн къомах. Цхьаболчийн цӏерш халкъан даг чохь йисина, уьш халкъан иллешкахь хестабо. Амма майраллина, доьналлина царал хӏумма а лахара боцу эзарнаш бӏаьхой а эгна, халкъан маршонехьа къуьйсуш…
Неӏ йиллина, чухьаьжначу Султӏис, бӏаьцаш йина тӏекхайкхира Іаьлбаг.
– Дадас цӏа вола, боху хьоьга.
– Хӏунда?
– Вайга Солтмурд веана.
Ӏаьлбаг берашкахьа вирзира.
– Цхьакӏеззиг хӏинца мохе довла, шу йуха чудаьхкича, хӏокху Хьамзата илли эр ду шуна.
ТІаьххьара Бенахь ӏаьлбагца шен хиллачу къамелехь Солтмурда тӏелаьцнера, бартахойх коьрта берш цхьаьна а тоьхна, вовшех дага а девлла, шайн сацам Іаьлбагах схьакхето. Амма къена иза кхуза вогӏур ву бохург хьехийна а дацара. Цундела иза цӏеххьана схьаварах цецвелира Іаьлбаг.
Кертал чоьхьа гоьзанах тесна лаьттара дикачу нуьйран