дуьзна, ма веана цӏа. ЦІахь даккхий цӏенош, шортта латта, керт йуьззина даьхний ду. Хьо санна, дехаш хиллехь, тхо а гӏур дара!
Нах бийлабелира.
Оьгӏазвахна вега а велла, нахана тӏевогӏавелира Солтха.
– Стенна доьлу шу сан къоьллех? – балдаш дегийра цуьнан. – Сайчул шун хӏун ду совдаьлла? Шух цхьа а вац, зудчо йиттина шарбал йакъайаллалц, йургӏанна йуккъера схьавала йиш йолуш. ХІетте а, сох доьлу!
Амма нах боьлучуьра ца совцура.
– Цундела тхо-м, тхешан йургӏанах тоьпаш а йина, цӏахь ӏийра!
– Хьуна а тоьллера, ӏийнехь!
– Солтханна цхьа пхьарс сов ма баьллера!
Цхьа Васал вара, буьйлучеран декъа ца воьдуш, кхоьлина.
– Гӏаддайна боьлу хьуна и нах, – элира цо Солтхане. – Хортӏин, Товсолтин, Боргӏин бераш-м, дахча, гӏур а дара тӏаме. Шайн долахь вайниг санначу шина йуьртан боллучул мохк болу Момин Хьотий, Шамурзин Ботий-м хьехор а вацара вай. Хьо стенан дуьхьа ваханера, хаац-кх. Ладарш оьхуш цӏийнан лаппагӏа йоцург, йа даьхний, йа латта а дацара хьан. Тахана тӏамехь хӏаллакьхирш муьлш бу? Миска оьрсий, ламанхой, гуьржий – цхьана агӏор, ткъа вукху агӏор – иштта миска туркой, курдой, ӏаьрбий. Ахь дозалла до айхьа байъинчу туркойх. Ткъа иштта, хьо санна, цхьа пхьарс, йа ност йоцу цхьа турко а хир ву, ша байъинчу оьрсех дозалла деш, цхьанхьахь маьждиган майданахь доккха хабар дуьйцуш. Амма, стенан дуьхьа, хӏун къуьйсуш лета салтий? Царна шайна а ма ца хаьа. Шаьш-шаьш шайн даймохк вукхунах ларбо, боху. Оьрсашна, туркошна йа цхьана а халкъана ца оьшу кхечуьнан латта. Иза паччахьашна, хьоладайшна оьшу. Церан дуьхьа, церан сий лакхадаккха, церан хьал дебо, леташ, хӏаллакхуьлу салтий.
Наха, резахилла, кортош теӏадора.
– Гой шуна, тахана ӏедална дуьхьал гӏевттина вай, – дуьйцура Васала. – Цадевллачу денна. Мацалло, къоьлло бӏарздина. Ӏедало ваьшна тӏехь латточу харцонна садетта ницкъ а ца кхаьчна. Вайн гӏаттам хьоьшурш муьлш бу? Салт баьхна хьийзош болу, вай санна, гӏийла, миска, къен ахархой бу-кх. Вайн йалташ, йарташ йагайо цара. Даьхний дӏалоьхку. Ткъа шаьш и къизалла стенан дуьхьа лелайо, оцуьнан ойла ца йо. Хьалха, Шемалан заманахь, салтий доглазарца хьуьйсура ламанхошка. Хӏетахь со цхьаъ ваьлла