Къарбелла кӏелсевцнарш вайн тӏеман чӏагӏонашна, станицашна улло кхалхабора, къармазениш лаьмнашка лоьхкура. Тӏом чекхбаьлча, шатайпа сурт хӏутту кхузахь. Нохчех дукхахберш хӏокху лаьмнашкахь, хьаннашкахь гаттехь буьсу, ткъа аренгара йарташ вайн станицаший, тӏеман чӏагӏонаший шайн морзахашна йукъаӏовду.
Лаьттаца йолу халонаш Кубанан областехь вай гуттаренна а дӏайехира, цигара цхьадолу къаьмнаш лаххьийна, дисинчийн ах а Турце кхалхорца. Дегӏастанахь а хӏумма а вайна хало йоцуш дирзира и гӏуллакх. Церан тӏулган лаьмнаш вайна ца оьшура, цундела, цхьа масех штаб-квартира а йоьгӏна, мохк бахархойн долахь битича, машар хӏоьттира цигахь.
Нохчийчохь лаьттаца йолу къоьлла лахйан а, кхузахь машар хӏотто а Іалашо йолуш, ах мукъане а нохчий Турце а, Жимачу ГІебарта а кхалхо гӏоьртира вай, амма, цхьа пхи эзар доьзал Турце кхелхича а, и гӏуллакх кхиам ца хуьлуш йукъахдисира.
Маситта шарахь бахбелла нохчийн гӏаттам 1859-чу шарахь вай тӏаьххьара а хьаьшча, хӀетахь вайн правительствона къарбелла ца севцира уьш. Хӏетахь Кавказан наместник а, хӏара край къарйеш коьрта куьйгалхо а хиллачу эла Барятинскийс нохчашца машаран барт бира. Цара тӏелецира тӏом сацо а, вайн ӏедална муьтӏахь хила а. Ткъа вай тӏелаьцнера, нагахь нохчий, къарбелла, совцахь, цаьргара дӏадаьхна цхьадолу латтанаш царна йухадерзо а, церан дин, ӏадаташ, гӏиллакхаш лера а, уьш салт ца баха а. И дерриг дӏа а йаздина дуккха а йаккхийчу йартийн маьждигаш чохь леррина ӏалашдо нохчаша. Хӏетахь дуьйна, вайн правительствос муьлхха а цхьа порядок шайна коча Іоьттича, и машаран барт вайна дуьхьалтуху цара.
Кхеташ ма ду, империна чоьхьа и шатайпа автономи а йиллина, правительствон ӏен йиш цахилар. Тӏаккха-м, дера, изза дезар ма ду царна луларчу кхечу къаьмнашна а. Цундела, кхузахь вайн позицеш чІагӏйелла аьлла ма-хийттинехь, граф Евдокимов даррехь вайн порядкаш хӏитто воьлча, 1860-чу шарахь, Нохчмахкахь гӏаттам болабелира. ТІаьхьа веанчу Лорис-Меликовс ларлуш, хьекъале политика йолийра кхузахь.